Чулацаман тӀегӀо

Гендаргной

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шира тайпа
Гендаргной
Кхин цӀерш Гендаргеной, Гендаргной, Гяндарганой, Гендаргуной
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Дуьххьара хьахадар 997 шо григорианан рузманца
Къам нохчий
ТӀаьхье Сингалхой, Ноккхой
Гергарло гуной?, курчалой?[1]
Таханлера дӀасакхалхар

 Росси: хууш дац

                 Нохчийчоь: МартантӀе, Теркйист
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира мохк Нохч-Мохк

Гендарганой - нохчийн тайпа, ширачарех нохчийн тайпа[2][3][4]. ЙукъадогӀу Нохчмахкахойн тукхаман. Тайпан мохк — Нохчийчура Нажи-Йуьртан кӀоштан Гендаргана. Гендаргана лаьтта Ястий хин аьрру бердан тӀехь, Нажи-Йуртан къилбехьа, Бенан къилбаседехьа, Энганан малхбалехьа, Даьттаха малхбузехьа.

Тайпа J2 гаплотобан йукъара ду[5]. Дукхаллин барам - 75 000 сов стаг.

Сулейманов Ахьмадан истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ГӀараваьлла волу нохчийн Ӏилманчо Сулейманов Ахьмада дийцарехь, Гендарганой эмиран Сайд-Ӏали Шамин тӀаьхьенах бу. Уьш схьабевлла кхаа вешех: Гундалх, Гундаргенах, Нижалх. Гендаргноша дийцарехь уьш вежарий хилла. Церан йиша Курчала хилла.

Шеман эмир Сайд-Ӏали велча дарже кхаьчна кхечу тайпан векал. Эмиран Саид-Ӏалин кӀенташна Абул-Ханан, Решид-Ханан, Хьамзат-Ханан ца лиира даймахкахь баха, къилбаседехьа дӀабахара. Уьш кхечира Курку-ломан йа Кхеташ-коьртан кӀошта, хӀинца ЦӀоьнтара а, Теза-Кхаьлла а йарташ йолчу. Оцу кхааннах цхьаьнан кхо кӀант вара Гундал, Нижал, Гундарген. ТӀаьххьарниг охьахиира хӀинца Гендаргана йолчу, ткъа ши ваша – Гундал а, Нижал а – циггахь бисира. Доьзалаш а, даьхний а алсамадевлча, меттиг ца тоьъна ши ваша къаьстира. Ший а цигара дӀавахара. Нижал охьахиира Ястий хил дехьа, ткъа Гундала караерзира Гумс а, Хул-Хуло хишна йукъара меттиг.


Бена йукъан 2 км гена тера цӀе йолу шира эвла. Иза Бенан йукъайогӀуш йу. Ткъа луларчу Гендарганан а, Энганан а бахархоша йуьйцу Пхьачу шайн «тайпанан мехкаш» йукъахь, лору иза шайн шира кхерч. Оцу гӀуллакхо дагатосу и кхуьй а тайпа гергара хила мега олий[6].

А. Костеринан истории

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Вайн тайпа схьадаьлла Шемарчу гӀалара, иза лаьтта кхузара къилбехьа Ассирехь. ГӀалан хьаькам вара вехаш а, ницкъ болуш а стаг Ахьмад-хан. Цуьнан дара дукха латташ, куьйга кӀелахь дукха адамаш а дара цуьнан. Уггар дика гӀалара зударий бара цуьнан хӀусамехь. Амма цуьнан хазна а, сий а цуьнан кхо кӀант вара: воккханиг - Шамхан, йуккъерниг – Сайд-Ӏали, жиманиг Ӏаббас. Хезнера вежаршна даккхий а, беркате а долчу къилбаседерчу ДегӀастанан лаьмнех лаьцна. Дагадеара царна оцу лаьмнашка баха, талла, бакъ хилар оцу лаьмнех дуьйцург. Сингаттамца дӀахийцира Ахьмад-хана шен кӀентий лела генарчу а, бевзаш боцучу а махка. Дуккха а нах эцна, доьзалашца арабевлира вежарий къилбаседехьа. Масех шарахь некъ бира вежарша хӀорд тӀиера хӀорд тӀекхаччалц, дехьа бевлира ДегӀастанан лаьмнел, ца бевзачу, адам доцчу махка. Вежаршна гира оцу мехкан хозалла: лаьмнашкара охьаоьху хиш, чӀерий куьйгашца а лоьцуш шорта, экханаш йуьззина хьаннаш. Тархашна йукъара дуьйлу цамгарех товеш долу шовданаш, лаьттах дуьйлу су тоьхчи а леташ долу мехкдаьтта. Йиллира вежарша эвла МахкатӀе. 10 шарахь бехира вежарий МаьхкатӀехь. Берриг белхаца аьтту а, беркат а дара. Тайпа дебара, вежаршна готта хилира цхьаьна эвлахь баха. Барт хилира кхин меттиг лаха, йалташ ден а, даьхний лело а аьтту болуш. Карийра царна доккха хи, цигахь сецира Сайд-Ӏали, йуьрт а кхоьллина шен кӀентан цӀарах АргӀун аьлла. Ӏаббаса, дуккха а меттигаш теллина, йуьйгӀира Нашха эвла, Орга хин лакхенашкахь. Нашха – гендаргной бевлла мохк бу. Воккхаха волу ваша, Шамхан, висира МаьхкатӀехь. И кхо йурт йиллинчул тӀаьхьа йиллира кхин цхьаъ - ГӀоьрдала, Шамханан кӀентан цӀарах. И йиъ йуьрт йоцург оцу хенахь Къилбаседа ДегӀастанахь кхин йарташ йацара.

И йарташ йехкинчул тӀаьхьа, шайн тайпа бехаш болчу махкахь чӀагӀдина, вежарш хаийтира Шеман гӀаларчу гергарчу нахе, оцу хенахь дуьйна цига кхалха дуьйладелира кхин нохчийн тайпанаш[7].

ДӀайаздина 430-гӀа шарахь Мухьаммад пайхӀамар воьссинчул тӀаьхьа.

Тайпана силсил: Сайд-Ӏали Шами – Ӏабдул-Хан (Ахьмад-Хан) – Сайд-Ӏали – АргӀун – Шайхуль-Ислам – Джамалуддин – Нурдахьад – Дада – Кавмар – Ӏийса[8].

Бекъабалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Гендаргной бекъало некъешка[5]:

  1. Айдамир-некъе, J2;
  2. Ӏаппаз-некъе, J2;
  3. Батал-некъе, J2;
  4. Берси-некъе, J2;
  5. БӀози-некъе, J2;
  6. Зуьри-некъе;
  7. Иби-некъе;
  8. Коьхарси-некъе, J2;
  9. Лорси-некъе;
  10. Лаьжги-некъе;
  11. Мамми-некъе, J2;
  12. Мовсар-некъе, J2;
  13. МоӀги-некъе, J2;
  14. Мозги-некъе, J2;
  15. Муги-некъе, J2;
  16. Муки-некъе;
  17. Мухьлин-некъе;
  18. Мужьги-некъе, J2;
  19. Муьлги-некъе, J2;
  20. Нини-некъе, J2;
  21. Ноккхой, J2;
  22. НогӀи-некъе, J2;
  23. Овки-некъе, J1/J2;
  24. СаьӀи-некъе;
  25. Сайки-некъе, J2;
  26. Седи-некъе;
  27. Сингал-некъе, J2;
  28. Солт-некъе;
  29. Сохьти-некъе, J2;
  30. ТӀакӀалш-некъе, J2;
  31. Теси-некъе;
  32. Товзар-некъе;
  33. Тучи-некъе, J2;
  34. Шайхи-некъе;
  35. Эскар-некъе, J2;
  36. Йасхьаб-некъе;
  37. Йахот-некъе, J2.

Гендаргноша йехкина йарташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ӏовхойн махкара Бетарсолтин отар йиллина гендаргночо Бетарсолтас, ткъа ЧӀулга-Йурт а, Хьалха-Марта а, Таьнги-Чу а, Мартан-Чу а йехкина Гендаргной тайпа наха.

Беха меттигаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Беха меттигаш: Бена-Йурт, БердакӀел, Дубовски, Жима АтагӀа (Дехьа АтагӀа), Йоккха АтагӀа, Лаха Невре, СаӀдин-КӀотар (Бачин-КӀотар, ГӀой-Чу), Таьнги-Чу, Хьалха-Марта, Чуьйри-Эвла, ЧӀулга-Йурт, Ӏалхан-ГӀала[9].

ГӀарабевлла Гендарганой

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. А.Сулейманов, «Топонимика ЧИ», 1978 г.
  2. К вопросу о количестве чеченских тайпов. Натаев Сайпуди Альвиевич
  3. Фурман Д. Е. Чечня и Россия: общества и государств. — М.: Права Человека, 1999. — с. 96
  4. Мамакаев, 2009, с. 21.
  5. 1 2 http://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  6. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
  7. Костерин А. По Чечне: (Путевые наброски.)
  8. Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. "Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной", Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007.
  9. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997