Чулацаман тӀегӀо

Овршой

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Къена тайпа
Овршой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Ӏовхой
Йукъара хаамаш
Мотт Ӏовхойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ДегӀаста: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Ӏовхой

Овршой[1] — нохчийн тайпанах цхьаъ, Ӏовхойн-кешенхойн тайпа. Бехаш бу ДегӀастанан Хаси-Эвлан, Ӏовхойн кӀоштанашкахь.

Нохчийн историк, историн Ӏилманин кандидата Сайпуди Натаевас тайпан цӀеран семантик хӀинца а цайовзу боху[2]. Нохчийн лингвист И. А. Арсахановс 1959 шеран белхан тӀехь иштта тайп овршой билгалдоккху Ӏовхойн юкъахь[3][4].

Нохчийн талламхо-мохкбовзархо, хьехархо, халкъан поэт воллучо А. С. Сулеймановс, овршой Кешен-Эвлахь бу аьлла дӀаязбина[1]. У. Г. Осмаевс шен «Чечня: голоса времен» цӀе йолу жайна тӀехь Йоккха-Бамт-юртахь билгал-бо овршой[5].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа. кхин

[бӀаьра нисйан | нисйан]