Нижалой
Къена тайпа | |
Нижалой | |
---|---|
| |
Кхин цӀерш | Нижалой |
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | ЧӀебарлой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан чӀебарлойн диалект |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк ЧӀебарла |
Нижалой[1] - нохчийн чӀебарлойн тукхумара тайпа, ткъа М.А.Мамакаевс дийцарехь Шотой тукхум йукъара ду. М.А.Мамакаевс Нижлойн тайпа Нохчийчоьнан орамера тайпанашна йукъатуху[2]. Тайпа J2 гаплотобанера ду[3].
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йукъараллин дозанаш ду: къилбаседехь – ЭгIашта а, МахкатӀе а, малхбалехь – ЧӀебарлой, малхбузехь – ДӀай, къилбехахь – Чобаьккхинрой.
Иштта «Нижала» цӀе йолуш кхоъ эвла хилла: хьалхарниг – Осхар-овлан малхбалехь, шолгӀаниг – ГӀази-овлан малхбалехь, кхоалгӀаниг – Жубиган-овлан а, ГӀази-овлан йукъахь[4].
Нижлойн лам лаьтта Нижалан къилба-малхбузехь[5].
Нижалан эвланаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нижалан йукъайогӀу: Бейсхор овл, ГӀези овл, ГӀонтӀа, Дангар овл, Дургойн овл, Жубиган овл, Тамбийн овл, Чуьрейн мохк, ЦӀинтиг овл[4], Лаха Нижала, Муьшиечуо, Нижала, Осхар овл, ПатӀайн овл, ЧӀадана[5].
Беха меттигаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нижлой беха йарташ: Тевзана, Хоттане, Устрада-Оьвла, 2- Отделение, Заки-Эвла, Хаьмбин-Ирзе, ВаларгтӀе[6], Лаха Невре, ЧӀулга-Йурт ишта кхи а, дуккха а.
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тайпанан векалша дийцарехь Нижал цӀе схьайаьлла доларчу цӀарах, церан дайшах цхьаьнан цӀе хилла иза.
Гениалоги
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нижлой, Босой, ДӀай кхаа вешийн доьзалаш лору[7]. Амма Сулейманов Ахьмада дийцарехь уьш схьабовлар ду кхечу кхаа вешех Гундал, Гундарген, Нижал. Амма еллачу ДНК тесташца Гуной кхин гаплотоба ю, цуьндела Гундалах дериг шеко йолуш ду. Иштта силсил ю Нижлойн: Сайд-Ӏали Шами – Ӏабдул-Хан – Сайд-Ӏали – АргӀун – Нижал.
Тайпа декъадалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нижлой бекъало 14 гаран; БагӀай (J2), Бейсхор, Богач, ГӀези, Дангар, Дургой, Жубиг, Имай (J2), Майд, Осхарой (J2), ПатӀай, Тамбий, ЦӀинтиг, Чуьрей.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нижалой эмиран Сайд-Ӏали Шамин тӀаьхьенех бу.
Шемара эмир Саид-Ӏали велчи, цуьнан меттиг дӀалецира кхечу тайпанчу стага. Цуьнан кӀенташна Сайд-Ӏалин, Абул-Ханан, Решед-Ханан, Хьамзат-Ханан ден меттиг дӀалаьцчи, ца лиира даймахкахь баха, уьш кхелхира къилбаседехьа. Кавказан лаьмнашкахь кхечира Курку-лам йа Кхеташ-кортан кӀоште, хӀинца ЦӀонтара а, Теза-Кхаьлла а лаьттача. Церан цхьаннах кхоъ кӀант вара – Гундал, Нижал, Гундарген. ТӀаьххьарниг – Гундарген охьахиира хӀинца Гендаргана лаьттача, ткъа ши ваша – Гундал а, Нижал а – циггахь висира. Нижал охьахиира Яьссин дехьа[8].
ГӀарабевлла тайпанан нах
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Авторханов, Ӏабдурахьман Геназович (1908 шеран 3 октябрь — 1997 шеран 24 апрель) — историк-советолог, политолог, йаздархо.
- Арбиев Исраил – ЧӀулга-Йуртан вахархо, Брестан гӀопан турсло, тӀепаза вайна.
- КъахӀим-Хьаьжа. Шайх – Накъшбанди. Зийарат ЧӀебарлойн кӀоштан Нижала эвлахь.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Сулейманов, 2006, с. 405.
- ↑ Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973.
- ↑ https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 239.
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 240.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 388.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 221,239.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 269-270.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: «Эль-Фа», 1997. — 682 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |