Чулацаман тӀегӀо

Иероглиф

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Мисран иероглифаш

Иеро́глиф (шир.-желт. ἱερογλύφος) — цхьацца яздаран системашкахь йозанан хьаьркан цӀе ю. Иероглифаш билгалдаха тарло шеш аьзнаш а, дешдакъош а (алфавитан а, силлабин а йозанан элементаш), ткъа иштта морфемаш а, дийна дешнаш а, кхетамаш а (идеограммаш).

«Иероглиф» термин грекашкара даьлла ду, схьаэцна Александрийн Климентегара (II—III бӀешерашкахь). Цуо тӀулга тӀехь зайланца яздинчу йозанех олура ἱερογλυφικὰ γράμματα (иероглифика граммата). ἱερογλυφικά дош лаьтта шина декъах: ἱερός (иерос) — «сийлахь», γλύφω (глифо) — «дата», «доту». Иштта, ἱερογλυφικὰ γράμματα гочдо «сийлахь детина йозанаш».

Цийн 好 («дика») иероглиф яздар

Дуьххьала «иероглиф» термин лелош хилла Ширамисрин йозанехь, цунна юкъаягӀара идеографин элементаш, силлабин а, фонетикан а (акрофонин) йоза. ХӀинца цул сов термин лелайо цийн йозан, ткъа иштта японан маттера кандзи а, кокудзи а (уьш лелайо дешдакъойн абатца иэйина: катаканица а, хираганица а), корейн маттера ханча, тангутан йозан хьаьркийн амалаш гойтуш. ТӀеххьарчеран иероглифийн система кхоллаелла цийн иероглифин йозанах. Цийн иероглификин башхалла ю идеограммийн комбинаци гойтуш йолу коьрта иероглифаш лелаяр.

ТкъолгӀачу бӀешераш юккъехь хьевсира малхбузан меттанашна иероглифичунах тера долу йозанан система кхолла. Чарльз К. Блисс[en], оцу системан авторан хетарехь, цуо таро лур ю йозанца дуьненара массо а къаьмнашна вовшех кхета, Малхбален Азера къаьмнаш санна, хьалхарчу рогӀехь Цийн къаьмнаш санна, цара йозанца къамел до иероглифийн гӀоьнца.

Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «иероглиф»

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]