Пошт
Пошт (итал. маттера гочдича — «posta») — термин, лелайо билгала йоккхуш[1]:
- пошто дӀайохьуьйтург;
- зӀен урхалла, шена йукъайогӀу: жоьпаллин поштан администраци (ЖПА) а, цуьнан куьйгакӀелара структураш а — поштамташ, зӀен шодмаш, транспортан дакъош а, сортировкин меттигаш, ткъа иштта поштамташна а, зӀен шодмашна а йукъара поштан дакъа;
- лицензин бух тӀехь, меттигера а, чоьхьара а, дуьненайукъара а тӀегӀанехь пошто дӀайохьуьйтучеран хьашто кхочушдар арахоьцу а, йухку а монополин предприяти.
Дукхах дерг, пачхьалкхан хуьлу цхьа предприяти, цунна куьйгалла до ЖПА. Дукха йолу ЖПА Дерриг дуьненан поштан бертан (ДПБ) декъахой йу йа цхьаьна регионан поштан бертан декъалаллин йукъараллийца ДПБ ассоциаци йина декъахой йу.
Термин схьаялар
[бӀаьра нисйан | нисйан]«Пошт» дош схьадаьлла пол. poczta а, итал. posta. ТӀаьхьарниг, шен рогӀехь, схьадаьлла (posta) латинан дашах posita, иза, хила тарло, дацдина statio posita in… — соцу меттиг, билгалчу меттигашкахь лаьтта говраш хуьйцу станци[1]. Иштта, йуьхьанца оцу дашо билгала йоккхура поштан говраш йа хьадалчаш хуьйцу станци. Post дош «поштан» маьӀнехь дуьххьара лело даьккхина XIII бӀешарахь. Тахана «пошт» дашо кхетадо поштан урхалла (поштамт, да́къа), дӀайахьийтина а, схьайеина а корреспонденцеш[2][3][4].
Поштан истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Историца пошт кхоллаелла хаамаш, хӀуманаш (сурсаташ, посылкаш, ахча) дӀайохьуьйтучун а, дӀакхочучун а йукъахь дӀасаяхьийтаран хьаштех.
Поштан зӀе кхиар толлуш ду лерина историн Ӏилманан дакъа — поштан истори. Адамаллин историн йохаллехь хаамаш дӀабаларан хьесапаш а, гӀирсаш а дика кхиина. Исторел хьалхара муьрера лоллин пачхьалкхашкара уггаре атта орцанаш (аьзнаш, цӀе, кӀура) хийцаделира гӀашлойн а, говран а геланчийн поштан хаамашца хийцаделира. Феодализмехь а, капитализмехь а кхолладелира говрийн, цул тӀаьхьа цӀерпоштнекъан, хӀаваан, кхин тайпана зӀен регуляран пачхьалкхашна йукъара а, дуьненайукъара а поштан гӀуллакх. Поштан хийцамаш дуьненайукъара масштабехь, шина агӀора а, дуккха а агӀонашкара ДПА йукъахь берташ дина, тӀаьххьара кхечира цхьааллин поштан система (ДПС) кхолларе, цуьнан бух хилира ДПС Конвенцин а, Регламентийн а бертийн кепара цхааллин система.
Пошт тахана
[бӀаьра нисйан | нисйан]Таханлера пошт — дуьненайукъара берто (хьажа ДПБ документаш а, дерриг дуьненан поштан конгрессийн документаш[en] а) цхьаьнатоьхна тайп-тайпана пачхьалкхийн предприятийн глобалан система. Дуьненайукъара пошта дӀайахьаран хьашташ кхочушден поштан йерриг предприятеш, монополисташ йу.
Интермаша кхиарца цхьаболчу аналитикаша прогноз йора кестта поштан хьашташ оьшур йац олий, амма иза ца хилира. Тайп-тайпана пачхьалкхийн, хьалха зене йолу, поштан предприятеш, дола йаха план йу.
Германин нем. Deutsche Bundespost олу пошт, 1995 шарахь дола а йаьккхина, йийкъира Deutsche Post AG, Deutsche Telekom AG, Deutsche Postbank AG[de] компанешна. Кхин а йу поштан хьашташ кхочушден долара фирманаш[5].
XX бӀешо чекхдолуш — XXI бӀешо долалуш поштан зӀе йисира уггаре йоккха а, йораха а зӀен тайпа. ЭлектрозӀе, радиозӀе, телефонан а, электронан а зӀенашна автоматизаци йина системаш кхоллар а, кхиар а хьаьжна ца Ӏаш, поштан зӀено дуьтур ду шен ладаме маьӀна, хин йолчу заманахь; хӀунда аьлча материалан объекташ (сурсаташ, хӀуманаш, кхин дерг) дӀасаяхьалур йац электромагнитийн кепара зӀенца.
Поштан гӀуллакх а, хьашташ кхочушдар а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Почта // Плата — Проб. — М. : Советская энциклопедия, 1975. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 20).(Хьаьжина 20 июнехь 2016) {title} . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 25 февраль. Архивйина 2016 шеран 20 июнехь
- ↑ Почта // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Кисин Б. М. Страна Филателия / Ред. В. Нездвецкий. — М.: Просвещение, 1969. — 240 с. — 100 000 экз.(Хьаьжина 15 июлехь 2016)
- ↑ См. также немецкую статью нем. Geschichte der Post.
- ↑ См. также немецкую статью нем. Post.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- [www.philately.h14.ru/BS/P.html Большой филателистический словарь] / Под общ. ред. Н. И. Владинца и В. А. Якобса. — М.: Радио и связь, 1988. — 320 с. — ISBN 5-256-00175-2. [См. статьи, начинающиеся на Почта и производные от этого слова.]
- Почта // Толковый словарь русского языка : в 4 т. / гл. ред. Б. М. Волин, Д. Н. Ушаков (т. 2—4) ; сост. Г. О. Винокур, Б. А. Ларин, С. И. Ожегов, Б. В. Томашевский, Д. Н. Ушаков ; под ред. Д. Н. Ушакова. — М. : Государственное издательство иностранных и национальных словарей, 1939. — Т. 3 : П — Ряшка. — 1424 стб.(Хьаьжина 20 июнехь 2016) Error in Webarchive template: Empty url.
- Почтовые знаки // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- [www.philately.h14.ru/FS/P.html Филателистический словарь] / Сост. О. Я. Басин. — М.: Связь, 1968. — 164 с. [См. статьи, начинающиеся на Почта и производные от этого слова.]
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- upu.int — официалан сайт Всемирного почтового союза(ингалс.).
- pochta.ru — официалан сайт ФГУП «Почта России».
- postalmuseum.si.edu — официалан сайт Национального музея почты (США)(ингалс.).