Девтойчоь
Федеративни Республика Девтойчоь | |||||
---|---|---|---|---|---|
нем. Bundesrepublik Deutschland[1][2][…] | |||||
| |||||
Девиз: «Цхьаалла, бакъо, маршо[3] нем. Einigkeit und Recht und Freiheit[4]» |
|||||
Девтойчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Официалан мотт | Девтойн мотт[прим 1][прим 2] | ||||
Коьрта гӀала | Берлин | ||||
Урхаллин тайпа | Федеративан парламентан республика | ||||
Федеральни президент Федеральни канцлер |
Йоахим Гаук Ангела Меркель |
||||
Пачхь. дин | Дан дац | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 357 021 км² (62-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 2,42 % | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | 80 523 746[5] стаг | ||||
• Ларар (2011) | 80 219 695[6] стаг | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг (2011) | 3,089 трлн[7] долл. | ||||
• ХӀораннан а сина | (21-гӀа) | ||||
ДЧС (номинал) | |||||
• Берриг (2009) | 39 442[7] долл. (19-гӀа) | ||||
АДКИ (2013) | 0,920[8] (лакхара.; 5-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | девто, девтой. | ||||
Ахча | Евро (EUR, код 978)[прим 3] | ||||
Интернет-домен | .de, .eu (декъашхо санна ЕС) | ||||
Код ISO | DE | ||||
Код МОК | GER | ||||
Телефонан код | +49 | ||||
Сахьтан аса | +1 (аьхккий +2) | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[9][10] | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Девтойчоь (нем. Deutschland), официалан цӀе — Федерати́вни Респу́блика Девтойчоь (нем. Bundesrepublik Deutschland), ФРД (нем. BRD) — Йуккъерчу Европин пачхьалкх. Майда — 357 408,74 км²[11]. Бахархойн барам 31.12.2015 шо — 82 175 684 бахархой[12].
Дуьненахь бахархойн барамца 16-гӀа меттигехь йу (2-гӀа Европехь) цул совнах майданца 62-гӀа меттигехь йу.
Коьрта гӀала — Берлин. Пачхьалкх — немцойн. 65 % герга бахархой керста динлелош бу.
Пачхьалкхан дӀахӀоттаран кепца федеративан пачхьалкх йу цуьна йукъахь йу 16 административан-территорин дакъош — федералан латтанаш (Бавари а, Баден-Вюртемберг а, Берлин а, Бранденбург а, Бремен а, Гамбург а, Гессен а, Мекленбург-Хьалха Померани а, Лаха Саксони а, Рейнланд-Пфальц а, Саар а, Саксони а, Саксони-Анхальт а, Къилбаседа Рейн-Вестфали а, Тюринги а, Шлезвиг-Гольштейн а). Пачхьалкхан урхалин кеп йу — парламентан республика.
Европин бертан йуккъехь йу, Германин гонахьа бу Балтийн а, Къилбаседа а хӀордаш. Дозанаш ду Даница къилбаседехьа, Польшца а, Чехица малхбалехьа, Австрица а, Швейцариа къилбехьа, Францица а, Люксембургца а, Бельгица а, Нидерландашца а малхбузехьа.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дозанца йолу пачхьалкхаш: къилбехьа — Швейцари, Австри, малхбалехьа — Польша, Чехи, малхбузехьа — Нидерландаш, Бельги, Франци.
ТӀие
[бӀаьра нисйан | нисйан]Германин къилбаседехьара дакъа шен заманахь кхолла ела аренан тогӀе йу Къилба-Германин тогӀе, уггар лахара тӀадам Нойендорф-Саксенбандехь бу Вильстермарш цӀе йолу коммунехь, хӀордан сизал 3,54 м лаха. Йуккъера декъехь тогӀена гӀоьрттина хьуьн йолу ламанан кӀажа йу, ткъа къилбехьо долалуш ду Альпаш (Германин латтан техь уггар лекха тӀадам бу — Цугшпитце цӀе йолу лам, 2 962 метр).
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьххьара шира германхой хьахийна ширчу грекийн а, румхойн а белхашкахь. Уггаре хьалха хьахийначех цхьаъ ду 98 шо. Иза йаздина руман историко Тацита (лат. Tacitus). ХӀинцалерачу Германин берриг мохк Эльбан малхбале (славянийн Лаба) X бӀешо кхаччалц дӀалаьцна йара славянийн тайпанаша[13]. (уллера хьажа: полабийн славянаш). XII—XIV бӀешерашкахь и латташ доьд-доьдуш йукъадахара тайп-тайпанчу немцойн пачхьалкхийн кхолламашна, оцу хенахь хӀоттаман дакъа Сийлахь-Йоккха Руман Империн. Хан мел йолу меттигерачу славянашна массарна а санна ассимиляци йира немцоша. И процесс йахйелира Йуккъера бӀешерийн чеккхенгара, керла зама йолаяллалц, ткъа меттигашкахь, тӀеххьарчу, хӀинца а йуьззина ассимиляци йанза долчу славянийн къоман — лужичахойн, хӀинци а йоьдуш йу.
Руман импери йоьхначул тӀаьхьа Малхбузан Европехь кхоллайелира Франкийн пачхьалкх, цул тӀаьхьа кхо бӀе шо даьлча, Карл Сийлахь-Воккха волуш, империи хилира (800 шо). Карлан империс дӀалацнера хӀинцалерачу цхьа могӀа пачхьалкхийн мехкаш, царна йукъахь Германи а. Амма Карлан импери дукха ца лаьттира — оцу императоран кӀента бераш йийкъира иза шайна йукъахь, кхоллайелира кхоъ пачхьалла — Малхбуза-Франкийн (тӀаьхьа Франци), Малхбале-Франкийн (тӀаьхьа Германи), Йуккъера паччахьалла (сихха йекъайелира Италин, Провансан, Лотарингин).
Германин пачхьалкх кхолларан ламаст хилла терахь ду 962 шеран 2 февраль: оцу дийнахь малхбаленфранкийн паччахьан Оттон I-чун таж а тиллина Румехь, Сийлахь-Йоккха Руман Империн император хилира; и импери лаьттара мехкийн (нем. Land) конфедерацех, хӀоранна а дара шен эскар, арахоьцура шайн ахча. Сийлахь-Йоккха Руман Импери коьртехь лаьттара император, иза хоржура курфюрстийн кхеташоно, мехкийн векалийн меже йара, — Рейхстаг (нем. Reichstag). ХӀора а махкехь йара сословин монархи ландтаг (нем. Landtag).
Иштта хьал лаьттира 1806 шо кхаччалц, Наполеон I-чун Ӏаткъамца йохийра Сийлахь-Йоккха Руман Импери, ткъа цуьнан император волавелира Австрийн императоран дарж лело. Немцойн пачхьалкхийн барм хаъал охьабелира, кхоьллира Рейнан Союз, иза а йара иштта маьршачу мехкех лаьттачу конфедераци. Рейнан бертан коьртехь лаьттира Федералан Президент (иза вара Французийн Император) а, шеш долу мехкийн меже — Бундестаг (нем. Bundestag) а.
Пачхьалкхан дӀахӀоттам
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бакъонийн система
[бӀаьра нисйан | нисйан]Суьрташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]-
Рейхстаг, немцойн парламентан резиденци, Бундестаг Германи
-
Федеральни канцлеран ведомство (Берлинехь)
-
Берлин
-
Майн-тӀера-Франкфурт
Административан йекъайалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]хьажа иштта Германин латтанаш
Германи йу — федеративан хӀоттам болу пачхьалкх; цуна йукъайогӀуш йу 16 цхьаттера бакъонаш йолу регионаш — латтанаш (land)
Латта | Коьрта гӀала | Латтан немцойн маттахь цӀе | Коьрта гӀалин немцойн маттахь цӀе |
---|---|---|---|
1. Баден-Вуьртемберг | Штутгарт | Baden-Württemberg | Stuttgart |
2. Маьрша латта Бавари | Муьнхен | Freistaat Bayern | München |
3. Берлин | Берлин | Berlin | Berlin |
4. Бранденбург | Потсдам | Brandenburg | Potsdam |
5. Маьрша ганзейн гӀала Бремен | Бремен | Freie Hansestadt Bremen | Bremen |
6. Маьрша ганзейн гӀала Гамбург | Гамбург | Freie und Hansestadt Hamburg | Hamburg |
7. Гессен | Висбаден | Hessen | Wiesbaden |
8. Мекленбург-Хьалхара Померани | Шверин | Mecklenburg-Vorpommern | Schwerin |
9. Лаха Саксони | Ганновер | Niedersachsen | Hannover |
10. Къилбаседа Рейн-Вестфали | Дуьссельдорф | Nordrhein-Westfalen | Düsseldorf |
11. Рейнланд-Пфальц | Майнц | Rheinland-Pfalz | Mainz |
12. Саар | Саарбруьккен | Saarland | Saarbrücken |
13. Саксони (латта) | Дрезден | Freistaat Sachsen | Dresden |
14. Саксони-Анхальт | Магдебург | Sachsen-Anhalt | Magdeburg |
15. Шлезвиг-Гольштейн | Киль | Schleswig-Holstein | Kiel |
16. Маьрша латта Туьринги | Эрфурт | Freistaat Thüringen | Erfurt |
Галерей
[бӀаьра нисйан | нисйан]-
Немцойн электронан завод
-
Немцойн Porsche Panamera автомобиль
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Süsterhenn A., Heuss T., Schmid C. Artikel 20 (1) // Grundgesetz für die Bundesrepublik Deutschland (нем.) // Bundesgesetzblatt / Hrsg.: Bundesministerium der Justiz — Bo: Bundesanzeiger Verlag, 1949. — Vol. 1949, вып. 1. — S. 1—20.
- ↑ Bundesrepublik Deutschland - Was heißt das? (нем.)
- ↑ http://www.rfhwb.de/Docs/Februar%20April%202012/FRG%20-%20obschaya%20inf.%2014.04.12.pdf
- ↑ "„Die zentralen Worte daraus, „Einigkeit und Recht und Freiheit", waren zum offiziellen Wahlspruch der BRD erhoben worden." - Peter Ebenbauer, Christian Wessely und Reinhold Esterbaue: Religiöse Appelle und Parolen: Interdisziplinäre Analysen zu einer neuen Sprachform, Kohlhammer, 2008, S. 84 Online
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуES
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Zensus 2011: Bevölkerung am 9. Mai 2011. Retrieved 1 June 2013.
- ↑ 1 2 Germany . International Monetary Fund. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 1 октябрь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
- ↑ Germany — Country profile of human development indicators
- ↑ http://rammb.cira.colostate.edu/dev/hillger/driving-customs.htm (инг.)
- ↑ § 3 Abs. 1 // Straßenverkehrs-Ordnung
- ↑ Bundesländer mit Hauptstädten nach Fläche, Bevölkerung und Bevölkerungsdichte am 31.12.2015, im Juli 2017 wegen korrigierter Fläche revidiert .
- ↑ AUF EINEN BLICK Bevölkerung (31.12.2015) .
- ↑ Племена Средней и Северо-Восточной Европы (VI—I вв. до н. э.) Архивйина 2010-04-30 — Wayback Machine
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
Цитатийн гӀалат: Йолуш йолучу "прим" тобанан <ref>
тегашна ца карийра йогӀуш йолу <references group="прим"/>
тег.