Нуьйжа
Арахьара хатӀ
Нуьйжа — аьчк-пхьеран гӀорторан инструмент лелош йу довха а, шийла а эчиг кечдеш пластикин деформацин методашца. Эчиг кечдан йина аьчк-пхьеран коьртачарех инструмент; иза йу эчиган таза гӀортор, цуьнан тӀехь эчиган кечамаш тусу; гӀортор меттах ца йолуьтуш чӀагӀйо дечиган гуьйриг тӀехь. Аьчк-пхьеро болхбеш, цхьана хӀуманна тӀе жӀовтухуш, бухайуьллу хӀума. Жимачух олу нуьйжиг.