Бамба (орамат)
Бамба (орамат) | |||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| |||||||||||||||||
Ӏилманан классификаци | |||||||||||||||||
йуккъера рангаш
|
|||||||||||||||||
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе | |||||||||||||||||
Gossypium L., 1753 | |||||||||||||||||
Синонимаш | |||||||||||||||||
Кепаш | |||||||||||||||||
хьажа йоза …йерриг 39-40 кеп |
|||||||||||||||||
|
Бамба (лат. Gossypium) — Мальвин (Malvaceae) доьзалан тайпа. Дечиган, бецан, дуккха шерийн, шина шеран, цхьаьна шеран ораматаш, схьадевлла Азин, Америкин, Африкин, Австралин тропикин а, субтропикин а кӀошташкара. Промышленностан масштабашкара культурин кепаш кхиайо дерриг дуьненахь а эханг ден ораматаш санна. КӀадин промышленностан ораматийн тайнийн хьост ду. The Plant List (2013) хаамийн базица, тайпанна йукъатуху 54 кеп[1].
Ботаникин сурт хӀоттор
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бамба тайпанан кепаш — цхьаьна йа шина шеран бецан орамат 1—2 м лекха а йолуш, чӀогӀа геннаш долуш гӀадца. Ораман система чӀун, орам лаьттах боьду 30 см сов, цхьацца сортийн кхаа метре кхочу.
ГӀаш рогӀера, йеха гӀожмаш йолуш, дукха хьолехь 3—5-ларин.
Заза цхьалха, дукха, бес-бесара. Зезаг лаьтта кхаа — пхеа шуьйра чучча летта жаз долу зазанах а, шала пхи церг йолу баьццара кедалгах а, цунна гуонаха йу кхо жаз долу тӀехьарчорг, иза дуккха а йеха йу кедалгал. Дуккха а йолу дургалш вовшаххотта биргӀа хуьлий.
Стом — бот, наггахь алсама гоьрга, кхечу меттигашкахь овалан, 3—5-декъан, эттӀа неӀарца йохаллехь, цунна йукъахь дуккха а таьӀна-боьра тӀехула кӀеда хьийзина месаш — бамба болу хӀуш. Къастайо шина кепара бамбин месаш. Уьш хила тарло йеха а, кӀеда а йа йоца а, чо болуш а — цунах олу линт, бамбин месаш. ХӀу тӀехь, сорте а, кхиоран хьоле а хьаьжжина хила тарло ший а тайпана месаш, йа йеккъа йеханиш. Акха кхуьучу кепийн йеха месаш йац. Луьста чкъоьро къевлина бамбин хӀун чохь йу зӀийдиг, иза лаьтта жимачу орамах а, шина хӀунан декъах а.
Классификаци
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бамбин кепаш дукха хилар а, климат, латта хийцаделча чӀогӀа атта хийцайалар а, тайп-тайпана кепаш а, цхьацца меженаш а кхечаьрга дуьхь-дуьхьала дургал иэдарца дехьайалар а бахьнехь, хуьлу керл-керла кепаш. Цундела ботаникаш классификаци йина, Gossypium тайпа Ӏилманийн а, нисса билгалчу кепашца декъа гӀертаро йехачу заманахь аьтту ца баьккхира. Линнейс лорура йерриг 3 – 6 кеп, Парлаторес 7 кхаччалц, Декандола 13 кхаччалц. Цхьаццаммо йагарйора 42, 52, кхин 88 кеп. Кхечара, масала, М. Дж. Ватса, ши кеп бен къобал ца йора: америкин а, азин а, уьш физиологица иэн ца йалало. Ройла коьрта йиъ кеп бен къобал ца йора, цуьнан классификаци йехачу хенахь лорура йуьззина кхачаме.
Схьабалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бамбин культура схьайаларан ши очакх билгалайаккхар тӀеэцна. Диттакепара а, бецакепара а бамбин даймох, хила тарло, ХӀинди. Кхин культурин кепаш — барбадосан а, ма-барра а бамба, тарло, Америкера баьлла хила а, амма цул тӀаьхьа шуьйра баржина хила а.
Генетикин модификацеш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бамбин генетикин модификацийн (ГМ) Ӏалашо йу гербицид-толеранталла (ГТ): культурин ораматашна хаъал зулам деш йолу гербицидийн вон Ӏаткъам лахбар, кхин а асарна алсамо эвсара тидам бар. ГМ-бамбина оьшу оригиналан орамател 80 % кӀезга пестицидаш.
Модификацийн шолгӀа агӀо — энтомоцидан, йа инсект-чӀогӀа культураш (ИЧӀ), церан ду зуламе сагалматийн вуон Ӏаткъаманна дика дуьхьала латтар. 2006 шарахь и дуьхьала латтаран чӀогӀалле кхочу цхьаьна хьесапца — Bacillus thuringiensis (Bt) латтан бактерийн ген чуйилларца[3].
ГМ-бамба йукъабалоран динамика АЦШхь, 1996—2004 шераш | |||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
1996 | 1997 | 1998 | 1999 | 2000 | 2001 | 2002 | 2003 | 2004 | |
ГТ-сорташ, % | 2 | 11 | 26 | 42 | 26 | 32 | 36 | 32 | 30 |
ИЧӀ-сорташ, % | 15 | 15 | 17 | 32 | 15 | 13 | 13 | 14 | 16 |
ГТ/ИЧӀ-сорташ, % | - | - | - | - | 20 | 24 | 22 | 27 | 30 |
Дерриг ГМ-сорташна бухахь, % | 17 | 26 | 43 | 74 | 61 | 69 | 71 | 73 | 76 |
Йерриг майда, млн га | 5,9 | 5,6 | 5,4 | 6,0 | 6,3 | 6,4 | 5,6 | 5,6 | 5,5 |
Геральдикехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бамбин сурт ду Узбекистанан, Таджикистанан, Туркменистанан, ГӀиргӀазойчоьнан, ХӀиндонезин, Къилбаседа Македонин, Танзанин, Угандин, кхин а Сент-Винсент а, Гренадинийн хӀосташна тӀехь, Пакистанан а, Анголин а эмблемашна тӀехь.
Цул сов, бамба бу тайп-тайпана мехкийн цхьацца регионийн гӀаланийн, муниципалитетийн, некъийн, кхолламийн хӀосташна тӀехь.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Gossypium Архивйина 2021-01-12 — Wayback Machine // The Plant List (2013). Version 1.1.
- ↑ Андреева И. И., Родман Л. С. Ботаника. — 3-е изд., перераб. и доп. — М.: Колос, 2005. — С. 399. — 528 с. — ISBN 5-9532-0114-1.
- ↑ Мелик-Саркисов С. О. Биотехнология в аграрном секторе США: Экономика развития. Архивйина 2007-09-28 — Wayback Machine — Гл. 5.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Хлопчатник // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Хлопчатник // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Хлопчатник — статья из энциклопедии «Кругосвет».
- История хлопководства
- Хлопчатник мохнатый Архивйина 2013-06-08 — Wayback Machine
яззаман хаамаш XIX бӀешеран чаккхе (таханлера дустаран барамашка дехьадаккхар оьшу) хаамашца. |