Чулацаман тӀегӀо

Исхьакъ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Исхьакъ
Ӏаьр. إسحاق‎‎
Аль-ГӀуламул-Ӏалим
Говзалла Ӏу
Вина терахь в. э. тӀейалале 1761 шо хьалха
Вина меттиг КанӀан
Кхелхина терахь в. э. тӀейалале 1581 шо хьалха
Кхелхина меттиг КанӀан
ДӀавоьллина меттиг ИбраьхӀиман маьждиг
Къам, некъе жуьгтий
Да ИбрахӀим
Нана Сарат
Зуда Рифкъат
Бераш Ӏайсу, ЯӀкъуб
Силсила Исхьакъ ибн ИбрахӀим ибн Азар (Тарахь) ибн Нахьур ибн СаругӀ ибн РагӀу ибн ФалигӀ ибн Ӏабир ибн Шалих ибн Арфахшад ибн Сам ибн Нухь
Лоруш волу динаш ислам, насаралла, жуьгталла

Исхьа̄къ (Ӏаьр. إِسْحَاقُ‎‎; шир.-Ӏеб.יִצְחָק‏‎, ма-дарра «воьлуш верг») — иза Делан пайхамар а, элча а ву, бусалбанаша иза пайхамар лоруш ву насараша а, жуьгташа а санна. Иза ИбрахӀим пайхамаран Саратера шолгӀа кӀант ву. Иза а, цуьнан ваша ИсмаӀил пайхамар а цара вазво цу шинга Жибрил малик доьссина хиларна, шаьшшиннан ден ИбрахӀиман верас а ву и шиъ. Къуръан чохь 16-зза хьехийна ву иза.

Товрат чохь а, суннатан цхьайолчу хьостанашкахь а деана ду Далла сагӀина урс хьакха кечвинарг Исхьакъ вара аьлла, амма цхьаболчу Ӏеламнаха иза ИсмаӀил вара аьлла.

Дахарах лаьцна

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Исхьакъах лаьцна Къуръан чохь бӀаьрган негӀар туху йаккъаш бен хьахийна йац. Цу чохь хьахийна ду, Исхьакъ дуьнен чу валар муӀжизат а, кхаъ а, хазахетар а хилла хилар цуьнан хан йахначу дена-нанна, ИбрахӀимна а, Саратна а. ТӀаккха маликаша цуьнца кхаъ баьккхира цу шинга. Хазахетаро а, там хиларо а йуьзнера ИбрахӀиман хӀусам, иза шен Далла баркалла бохуш сужуде вахана йолу. «Аль-бушра» олучу жайни тӀехь хьахийна йу цуьнан кӀентан ЯӀкъубан цӀе (хӀунда аьлча иза шен шалавинчу вешина Ӏайсуна тӀаьххье схьаэцна хилла). Исхьакъ дуьнен чу ваьлла, ИбрахӀиман шолгӀачу зудчух ХӀажарах шен ваша ИсмаӀил дуьнен чу ваьлла шераш даьлча. ИбрахӀиман а, Саратан а дегнаш цхьаьнакхийтира Исхьакъ дуьнен чу валарца, цул тӀаьхьа цуьнан кӀант ЯӀкъуб дуьнен чу валарца а, тӀаккха Дала иза хастийра дикачу пайхамарех ву аьлла.

Къуръан чохь хьахор

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дала Къуръан чохь хьахийна Исхьакъ хьекъале кӀант ву аьлла. Иза Къуръан чохь шен цӀарца хьахийна ву йалхитта айатехь:

Шу теш дара ЯӀкъубана тӀе валар деанчу хенахь? Цо шен кӀенташка аьллу хенахь: «Аш сол тӀаьхьа Ӏибадат хьанна дийр ду?». Цара элира: «Оха Ӏибадат дийр ду хьан Далла а, хьан дайн — ИбрахӀиман а, ИсмаӀилан а, Исхьакъан а Цхьаъ волчу Далла а. Тхо Цунна муьтӀахь ду».

Аш ала: «Тхо тешна Делах а, тхоьга доссийначух а, ИбрахӀиме а, ИсмаӀиле а, Исхьакъе а, ЯӀкъубе а, тӀаьхьенашка [ЯӀкъубан шийтта кӀанте] а доссийначух а, Мусага а, Ӏийсага а деллачух а, пайхамарашка шайн Делера деллачух а. Оха къаста ца во царна йуккъера цхьа а, Тхо Цунна муьтӀахь а ду».

Аш олу те, ИбрахӀим а, ИсмаӀил а, Исхьакъ а, ЯӀкъуб а, тӀаьхьенаш а жуьгтий йа насараш хилла? Ахь ала: «Шуна дика хаьа йа АллахӀана хаьа? Мила ву ткъа сов зуламе, шегахь долу Делера тоьшалла хьулдинчул а? АллахӀ ма вац аш дийриг ца хууш».