Жибрил
Арахьара хатӀ
Жибрӣл (Ӏаьр. جِبرِيل), Жабра̄ил[1][2](Ӏаьр. جَبْرَائِيل) — иза Делан герггарчу мукъаррабун олучу деа маликех цхьа малик ду. Къуръан чохь а, Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьадисашкахь а хьехийна ду иза. И дуссуш хилла пайхамаршна дӀаделладаларш (вахьйу) дохьуш, Делан омраца, цуьнах ду цо Мухьаммаде ﷺ Къуръан доссадар а.
ЦӀе
[бӀаьра нисйан | нисйан]Жибрил дош шина шира дашах лаьтташ ду — «Жибр» (лай, йалхо) а «ил» (Дела) а, цуьнан маьӀна «Делан лай» бохург ду.