Нехча
Нехча, нахча, начх[1] — нехчан мега шурех доккху дааран сурсат. Йоккху шура хьарчо муьста шуран бактерийн ферменташ а лелош йа тайп-тайпана шурийн сурсаташ а, шурийн доцу аьргалла яшоран туьханаш а лелош лалоран хьесапца.
Дааран мехалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нехчанаш къастало лакхара белокаш (25 % кхаччалц), шурийн даьтта (60 % кхаччалц), минералан хӀуманаш (3,5 % кхаччалц, кхехкийна туьха а ца лоруш) хиларца. Нехчан белокаш шурийнчул дика тӀеоьцу организмо. Нехчанийн экстражигара хӀуманаш дика Ӏаткъам бо кхача ахьаран йекхоашна, хӀума йаа дог доуьйту. Нечханца йолу дааран хӀуманаш, йуьззина аьлча санна тӀеоьцу организмо (98—99 %). Нехчанашца ду витаминаш A, D, E, B1, B2, B12, PP, C, пантотенан мусталла, кхин а. Хьоналла а, белок а алсама мел хуьлу нехчан энергимехалла хаъал техкаш хуьлу. Нехча йу ала мегар ду шурийн концентрат: белокаш, хьоналлаш, минералан хӀуманаш йу цуьнца цхьатерра пропорцешкахь, лакхара ду цуьнца кальций а, фосфор а, уьш нехчанца оптимум баланс йина барамехь йу.
Классификаци
[бӀаьра нисйан | нисйан]Куьцаца нехчанаш йекъало керлачарна, кӀеда хаза ховха чкъоьрдолчарна (кӀайн матарца), кӀеда дилина чкъоьрдолчарна, айсина матарца нехчанаш (айсина нехча), кепа тоьхна а, кхехкийна кепа тоьхна а. Кхин нехчан тайпанаш — йетта шурийн-альбуминан, альбуминан, лалийна, ткъа кхин а масех категорин йукъайогӀурш. Нехчан нилха тайпанаш — муьста шурех йаьккхина немцойн нехча а, норвегийн боьмаша нехча (брюнуст).
Яран технологица нехчанаш йекъало чӀогӀачарна, кӀедачарна, шовранчарна, лалийначарна.
Шоьшлан нехчанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шоьшлан фермент (реннин, изза химозин) — кхача охьу фермент йу дийнатех йаьлла, иза йоккхура эсийн хьер чуьра (дайиначул тӀаьхьа). Ишттачу эсийн хан 10 дийнал сов ца хуьлу. Шоьшлан фермент лелайо шурех кӀалд йоккхуш а, нехчанаш йохуш а.
Генетикан инженери кхиарца таро хилира дийнаташна чуьра химозин даккхаран жоьпаллехь йолу генаш йахар, уьш ферментаци йолуш химозин даккхийтархьама цхьаьна бактерешна, жӀалин нускалшна йа совсоргашна чуйахкар[2][3]. Генетикан модификаци йина микроорганизмаш дӀайовлу ферментаци йинчул тӀаьхьа, ткъа химозин доккху культуралан тӀуналлех, оцу бахьанехь нехчанца йац цхьан а ГМО компонент я ингредиент[4].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ iarchive:matsiev-akhmat-g./mode/1up
- ↑ Emtage JS, Angal S, Doel MT, Harris TJ, Jenkins B, Lilley G, Lowe PA (June 1983). "Synthesis of calf prochymosin (prorennin) in Escherichia coli". Proc. Natl. Acad. Sci. U.S.A. 80 (12): 3671—5. doi:10.1073/pnas.80.12.3671. PMC 394112. PMID 6304731.
{{cite journal}}
: Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) (ссылка)К:Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) - ↑ Harris TJ, Lowe PA, Lyons A, Thomas PG, Eaton MA, Millican TA, Patel TP, Bose CC, Carey NH, Doel MT (April 1982). "Molecular cloning and nucleotide sequence of cDNA coding for calf preprochymosin". Nucleic Acids Res. 10 (7): 2177—87. doi:10.1093/nar/10.7.2177. PMC 320601. PMID 6283469.
{{cite journal}}
: Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) (ссылка)К:Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) - ↑ Chymosin . GMO Compass. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 26 мартехь
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сыры и сыроварение // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Ensrud, Barbara. The Pocket Guide to Cheese. — Sydney : Lansdowne Press, 1981. — ISBN 0-7018-1483-7.
- Jenkins, Steven. Cheese Primer. — Workman Publishing Company, 1996. — ISBN 0-89480-762-5.
- McGee, Harold. Cheese // On Food and Cooking. — Revised. — Scribner, 2004. — P. 51–63. — ISBN 0-684-80001-2.
- Mellgren, James 2003 Specialty Cheese Manual, Part II: Knowing the Family of Cheese (2003). ТӀекхочу дата: 2005 шеран 12 октябрь. Архивйина 2012 шеран 15 октябрехь
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Cheese Викилармехь |
- Ф. В. Косиковский Искусство сыроварения
- Сыр СССР
- Сырная дегустация. Ресторанный этикет(ТӀе цакхочу хьажорг)