1659 шо
Арахьара хатӀ
Шераш |
---|
1655 · 1656 · 1657 · 1658 — 1659 — 1660 · 1661 · 1662 · 1663 |
Итта шераш |
1630‑гӀа · 1640‑гӀа — 1650‑гӀа — 1660‑гӀа · 1670‑гӀа |
БӀешераш |
XVI бӀешо — XVII бӀешо — XVIII бӀешо |
Григорианан рузма | 1659 MDCLIX |
Юлианан рузма | 1658—1659 (11 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7167—7168 (11 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2411—2412 (1 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5419—5420 ה'תי"ט — ה'ת"ך |
Исламан рузма | 1069—1070 |
Шираэрмалойн рузма | 4151—4152 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1108 ԹՎ ՌՃԸ
|
Цийн рузма | 4355—4356 戊戌 — 己亥 можа жӀаьла — можа хьакха |
Эфиопийн рузма | 1651 — 1652 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 1715—1716 |
- Шака самват | 1581—1582 |
Иранан рузма | 1037—1038 |
Буддийн рузма | 2202
|
1659 (эзар йалх бӀе шовзткъе итт уьссалгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу Кхаарахь. Иза вайн эран 1659 шо ду, 659 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 59 шо бӀешеран, 9 шо 6-гӀа иттаннаш шерашкахь XVII бӀешеран, 10 шо 1650-гӀа шерийн.
Хиламаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]- БӀаьсте — Кромвель Ричард девне велира эскаран гӀеранца, цуьнан дийзира протектор дарж дита. Масех правительство хийцаелира. Шо чекхдолуш Шотландин эскаран баьчча инарла Монк, Лондонехьа вахара.
- 8 июль — Конотопан тӀом. Трубецкойн бӀаьчаллехь долу оьрсийн эскар ийшира Мохьмад-Гирей ханан а, Выговский гетманан а эскарал.
- Швецин эскарша гуо лаьцна Копенгагенан. Голландин флотан толам хилла хидоькъенашкахь.
- 7 ноябрь — Куьг таӀийна Пиренейн машаран. Чекхбаьлла Францин Испаница болу тӀом (болабелла 1635 Ткъеитт шеран тӀеман 1618—1648 дакъа санна, кхин дӀабаьхьна Вестфалан машар 1648 бинчул тӀаьхьа).
- Куьг таӀийна 7 ноябрехь Мазаринис (Франци) а, дон Луис де Ароса а (Испанин хьалхара министр).
- Бартаца, Испанис дӀалора Францин цхьа могӀа Испанин Нидерландашкара мехкаш (Артуан доккхаха долу дакъа, Фландрин дакъа, кхин а), пиренейн дозанехь (Руссильон, Конфлан; шина пачхьалкхан йукъара керла доза хила дезара Пиренейш); чӀагӀйора Францин бакъонаш Наваррина; Францис мукъадоккхура шеш дӀалаьцна я Каталонин дакъа, цхьайолу Франш-Контехь йолу Нидерландин гӀопаш, дитира Испаница тӀом бечу Португалин гӀо.
- Пиренейн машарца французийн паччахьо Людовик XIV-гӀачо ялон йезара испанин инфанта Мария Терезия, цунна 500 эз. дешийн экю делира марен совгӀатна, нагахь шен хенна Испанис и ахча такхахь, Испанин тажан когаметта хилар дитахь (ша а, шен тӀаьхьенаша а). ТӀемо гӀелйина Испанис ахча ца такхаро Францин дийзира ГабсбурггӀеран испанин латтанаш а, испанин Ӏарш а. Пиренейн машаро Малхбуза Европера Испанин гегемони дӀаелира Францин.
- Хорватийн а, мажарийн а ахархойг гӀаттам охьатаӀийна Загребан кӀоштахь.
- Тороцкохь (Трансильвани) ломан белхалой карзахбийлар.
- Валахин коьрта шахьар хуьлу Бухарест.
- Речь Посполитехь тӀом карлабалар. Оьрсийн эскарша йитира Минск, Борисов, Могилев.
- Аьтту бердан Украинера коьртехь Богун волу полякашна дуьхьала гӀаттам.
- Чжэн Чэнгунан флот Янцзы чухула хьалаяхана. Цуо охьааьтта, бухаяхийтина маньчжурийн флот. Амма Нанкинехь маньчжураша онда чӀагӀо йира.
Ӏилма, техника, технологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Гюйгенс Христиана (1629—1695) зорбатоьхна трактат «Сатурнан система», цунна чохь цхьаьнатуьйхира планетан тергонаш, планетан спутник (Титан) дӀаеллар (1655), цуьнан хьовзаран мур билгалбаккхар, цхьанхьа цунна тӀетаьӀна а боцуш, эклиптикехь таьӀна а болуш Сатурнан гуонаха буткъа хӀоз хиларан факт.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бина
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1659 шарахь
- Катру Франсуа — иезуит, французийн йаздархо (1659—1737)
Белла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа кхин а Категори:Белларш 1659 шарахь
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |