Самцхе-Джавахети
Мохк (АД 1-гӀа тегӀа) | |
Самцхе-Джавахети | |
---|---|
სამცხე-ჯავახეთი | |
41°35′ къ. ш. 43°16′ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Гуьржийчоь |
Адм. центр | Ахалцихе |
Губернатор | Бесик Амиранашвили |
Истори а, географи а | |
Кхоллар | 1995 |
Латта | 6413 км² |
Сахьтан аса | UTC+4:00 |
Бахархой | |
Бахархой | 155 903[1] стаг (2018) |
Къаьмнийн хӀоттам | Эрмалой (50,5 %), гуьржий (48,3 %), оьрсий (0,4 %), желтой (0,3 %), хӀирий (0,2 %)[2] |
Динан хӀоттам | 2014 шарахь: православниш (45,2 %), эрмалойн АЦ (40,0 %), католикаш (9,4 %), бусулбанаш (3,8 %)[3] |
Официалан меттанаш | гуьржийн; иштта баьржина бу эрмалойн |
Идентификаторан терахьаш | |
Код ISO 3166-2 | GE-SJ |
|
|
Официалан сайт | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Са́мцхе-Джавахе́ти (гуьрж. სამცხე-ჯავახეთი) — Гуьржийчоьнан мохк (мхаре), мохк бу пачхьалкхан къилба декъехь, дозанаш ду Эрмалойчоьца а, Туркойчоьца а.
Коьрта историн сийлахь меттиг йу хьехарш йолу килсаш Вардзиа (йиллина Тамарас[4]. Махкахь йу курорт Боржоми дерригдуьненахь гӀарадаьлла долу дарбане хишца.
Регионехула йу Баку — Тбилиси — Джейхан нефтьузург а, Къилбакавказан газъюьгург а.
Административан йекъайалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Махкахь йу ялх муниципалитет (2006 шо кхаччалц кӀошт). 2016 тӀера 2018 шш. къаччалц Ахалцихе гӀалина муниципалитет статус елира (мехкан муьтӀахь йолу гӀала яра).
Муниципалитет | майда, км² |
бахархой ларар 2002[5], стаг |
бахархой ларар 2014[6], стаг |
бахархой ларар 2018[1], стаг |
центр |
---|---|---|---|---|---|
Адигенин муниципалитет | 800 | 20 752 | 16 462 | 16 305 | Адигени гӀкэ |
Аспиндзин муниципалитет | 825 | 13 010 | 10 372 | 10 531 | Аспиндза гӀкэ |
Ахалкалакин муниципалитет | 1235 | 60 975 | 45 070 | 42 949 | Ахалкалаки гӀ. |
Ахалцихин муниципалитет[7] | 1010 | 46 134 | 38 895 | 39 375 | Ахалцихе гӀ. |
Боржомин муниципалитет | 1189 | 32 422 | 25 214 | 25 240 | Боржоми гӀ. |
Ниноцминдан муниципалитет | 1353 | 34 305 | 24 491 | 21 503 | Ниноцминда гӀ. |
мохк, берриге | 6413 | 207 598 | 160 504 | 155 903 | Ахалцихе гӀ. |
Административан центр — Ахалцихе.
Махкахь йу 5 гӀала, 6 гӀалин кепара эвла, 268 эвла.
ГӀаланаш: Ахалцихе (17 903 стаг, ларар 2014 шо), Боржоми (10 546 стаг), Ахалкалаки (8295 стаг), Ниноцминда (5144 стаг), Вале (3646 стаг);
ГӀалин кепара эвланаш: Аспиндза (2379 стаг, ларар 2014 шо), Бакуриани (1879 стаг), Ахалдаба (1586 стаг), Абастумани (937 стаг), Цагвери (799 стаг), Адигени (783 стаг), Бакуриански Андезит (352 стаг).
Бахархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мехкан къаьмнийн хӀоттам
(2014 шарахь[2][8]
стаг | % | |
---|---|---|
берриге | 160 504 | 100,00 % |
Эрмалой | 81 089 | 50,52 % |
Гуьржий | 77 498 | 48,28 % |
Оьрсий | 712 | 0,44 % |
Желтой | 420 | 0,26 % |
ХӀирий | 393 | 0,24 % |
Украинаш | 142 | 0,09 % |
Азербайджанаш | 89 | 0,06 % |
Жуьгтий | 16 | 0,01 % |
Абхазаш | 11 | 0,01 % |
кхиберш | 134 | 0,08 % |
2018 шеран 1 январехь ларарца махкахь 155 903 бахархой бу[1], 2014 шеран 1 январехь — 213 700 бахархой, 2009 шеран 1 январехь — 208 100 бахархой[9].
2014 шарахь ларарца махкахь 160 504 бахархой бара[6], 2002 шарахь ларарца — 207 598 бахархой[6].
Самцхе-Джавахети мохк тайп-тайпнара къаьмнаш долуш бу. 2002 шарахь ларарца махкахь бара 207 598 бахархой царах 54,6 % эрмалой (113 347 стаг), 43,4 % — гуьржий (89 995 стаг), 1,1 % — оьрсий (2230 стаг), 0,4 % — хӀирий (822 стаг), 0,4 % — желтой (740 стаг)[5].
Гуьржий (месхетинхой) Адигенин муниципалитетехь бу дукхахкарш (95,7 % я 19 860 стаг 3,4 % эрмалойн дуьхьала), Боржомин муниципалитетехь (84,2 % я 27 301 стаг 9,6 % эрмалойн, 2,2 % хӀирийн, 1,8 % оьрсийн, 1,7 % желтойн дуьхьала), Аспиндзин муниципалитетехь (82,0 % я 10 671 стаг 17,5 % эрмалойн дуьхьала), Ахалцихин муниципалитетехь (61,7 % стаг 28 473 стаг 36,6 % эрмалойн (16 879 стаг дуьхьала)[10].
Эрмалой Ниноцминдин муниципалитетехь бу дукхахберш (95,8 % я 32 857 стаг. 2,7 % оьрсийн а, 1,4 % гуьржийн а дуьхьала), цул совнах Ахалкалакин муниципалитетехь (94,3 % я 57 516 стаг 5,3 % гуьржийн дуьхьала).
Месхетехь бехаш хила болу туркой-месхетинхой (туркой-Ӏосманаш) 1944 шарахь Гуьржийчура арабаьхира; хӀинца йолу ханна цера тӀаьхьенаш еха хилачу ССРСн тайп-тайпанара пачхьалкхашкахь а, АЦШ-ехь а. ХӀинцалерачу регионехь бусулбанаш кӀезига бу; бахархой лараро уьш «гуьржашна» йукъатуха.
- Мехкан бахархой Юккъера оьмар хьалхарчу а, Лакхарчу а муьрехь.
Оцу хенахь Джавахка ахкахь бехаш бара эрмалой. Иза бакъ хилар тешалладо эрмалойн, а гуьржийн а, иштта Ӏаьрбийн а хӀосташа. XI бӀешеран Леонти Мровели цӀе йолучу тептархочуна хаамашца, Джавахка бахархоша эрмалойн мотт бара буьйцуш[11].
XVI — XVIII бӀешерашкахь хилачу туркойн налогийн реестраш боху, Джавахка махкахь а, цуьна гонахьарчу кӀошташкара а нах бехачу меттигашкахь дукхахберш бара эрмалой. Вахушти Багратиони а, мхитаристийн конгрегацин декъашхочун Гукаса Инчичянан а кхиболу а гӀуржийн авторийн тептаршкахь а карадо иза[12]. Кхузахь туркойн Ӏедал дӀахӀотиначул тӀехьа Джавахка махкан къаьмнийн хӀоттам хийцабала болабелира. Джавахка махкан керста бахархой, маддара аьлча эрмалой, кӀизига хилира, бусулба къаьмнаш совдала доладелира, кхуза баха ховшира лазаш а, чергазий а бара. XVIII бӀешеран чакхехь дукху эрмалой Джавахк махкара арабаьллира, кхидолу дакъа хӀалак дира. Туркойн Ӏедало Джавахк махкахь кхоьллира Ахалцихин пашалык, иза тӀехьо Хункар-мехкан къилбаседа-малхбалехьара дозанийн коьрта форпост хила дӀахӀоьтира[13].
- Махкан бахархой 1829-1831 шш.
Оьрсийн-туркойн тӀом болабалале, 1820-гӀа шераш долалуш, Джавахкехь дехаш дара 2534 доьзал, царах[14]: эрмалой - 1716 доьзал (67,7 %) бусулбанаш - 639 доьзал (25,2 %) гуьржий - 179 доьзал (7 %) Оьрсийн-туркойн тӀом чекхбелчул тӀехьа Самцхе-Джавахети бехаш болу бусулбашна (оцу йукъахь бара гуьржий а) аьллира Хункар-мохк дехьа довла аьлла[15]. Цера метта Ӏедала гӀоьнца 1829-1831 шш. Самцхе-Джавахети Туркойчура сихьабаьллира эзаршкахь эрмалой. Адрианополин машаран бертан сацамца, шайна баха пачхьалкх харжа 18 бутт беллира. Оцу муьрехь бусулба бахархойн аьтту бара бусулба йолу Туркойчу дӀакхалха, ткъа эрмалойн - керста Росси[16]. Керла администрацино 1830 шарахь цига баха ховшира Эрзерумера 35 эзар эрмало.
- Махкан бахархой ХХ бӀешеран йуьхьехь.
1914 шарахь, Дуьххьара дуьнен тӀом болабалале, Джавахкехь бехаш бара 98159 стаг, царах:
- Эрмалой-81 014 (82,5 %)
- Оьрсий-7185 (7,3 %)
- Гуьржий-6905 (7 %)
- Бусулбанаш-3036 (3 %)
- Кхиберш-19 (0,01 %)
Самцхе-Джавахетии а, цуьна муниципалитетийн а къаьмнийн хӀоттам (2014)[2]
муниципалитет[17] | шаберш | эрмалой | % | гуьрж- ий |
% | оьр- сий |
% | жел- той |
% | хӀир- ий |
% | ук- раин- аш |
% | азер- байд- жанаш |
% | Жуьг- тий |
% | др. | % |
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Адигенин | 16 462 | 372 | 2,26 % | 15 985 | 97,10 % | 41 | 0,25 % | 6 | 0,04 % | 11 | 0,07 % | 12 | 0,07 % | 13 | 0,08 % | 0 | 0,00 % | 22 | 0,13 % |
Аспиндзин | 10 372 | 1381 | 13,31 % | 8959 | 86,38 % | 12 | 0,12 % | 7 | 0,07 % | 5 | 0,05 % | 3 | 0,03 % | 0 | 0,00 % | 0 | 0,00 % | 5 | 0,05 % |
Ахалкалакин | 45 070 | 41 870 | 92,90 % | 3085 | 6,84 % | 54 | 0,12 % | 41 | 0,09 % | 2 | 0,00 % | 5 | 0,01 % | 0 | 0,00 % | 0 | 0,00 % | 13 | 0,03 % |
Ахалцихин | 38 895 | 12 028 | 30,92 % | 26 450 | 68,00 % | 144 | 0,37 % | 71 | 0,18 % | 37 | 0,10 % | 28 | 0,07 % | 60 | 0,15 % | 11 | 0,03 % | 66 | 0,17 % |
Боржомин | 25 214 | 2176 | 8,63 % | 21 990 | 87,21 % | 277 | 1,10 % | 293 | 1,16 % | 338 | 1,34 % | 88 | 0,35 % | 16 | 0,06 % | 5 | 0,02 % | 31 | 0,12 % |
Ниноцминдин | 24 491 | 23 262 | 94,98 % | 1029 | 4,20 % | 184 | 0,75 % | 2 | 0,01 % | 0 | 0,00 % | 6 | 0,02 % | 0 | 0,00 % | 0 | 0,00 % | 8 | 0,03 % |
мохк, шаберш | 160 504 | 81 089 | 50,52 % | 77 498 | 48,28 % | 712 | 0,44 % | 420 | 0,26 % | 393 | 0,24 % | 142 | 0,09 % | 89 | 0,06 % | 16 | 0,01 % | 145 | 0,09 % |
Мехкан динан хӀоттам: Гуьржийн православин килс (45,24 %), Эрмалойн Апостолийн килс (39,95 %), католикаш (9,36 %), Ислам (3,78 %).[3]
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 Численность населения краёв и муниципалитетов Грузии на начало года в 1994—2018 гг. (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 29 октября 2018. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 23 июлехь
- ↑ 1 2 3 Национальный состав по краям Грузии (Total population by regions and ethnicity). Итоги переписи населения Грузии 2014 года (2014 GENERAL POPULATION CENSUS RESULTS) (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 апрель. Архивйина 2016-08-08 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 georgia-religion2014(ингалс.)
- ↑ Вардзия
- ↑ 1 2 Этнический состав Грузии по переписи 2002 года(ингалс.)
- ↑ 1 2 3 Итоги переписи населения Грузии 2014 года (2014 General Population Census Main Results General Information). 2014 GENERAL POPULATION CENSUS RESULTS (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 8 августехь Архивйина 2016-08-08 — Wayback Machine
- ↑ включая город Ахалцихе
- ↑ Национальный состав населения Грузии, его регионов и населённых пунктов по переписи населения 2014 года
- ↑ Оценка населения Грузии на 2004—2014 гг. по муниципалитетам по данным Департамента статистики Грузии (инг.). Архивйина 2014 шеран 22 июлехь
- ↑ Этнический состав Грузии по переписи 2002 года (инг.). Архивйина 2014 шеран 7 апрелехь
- ↑ Леонти Мровели. «Картлис Цховреба» («Житие Грузии»). — XI век. (ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Мелконян А. Джавахк в XIX веке и первой четверти XX века. (на арм. языке). — Ереван: Институт истории Национальной академии наук, 2003. — С. 88. — 215 с.
- ↑ История Турции (на английском)
- ↑ http://javaxk.narod.ru/history.html
- ↑ Джавахети Архивйина 2016-08-09 — Wayback Machine
- ↑ Этнические чистки и депортации в Грузии и на Северном Кавказе
- ↑ 2006 шарахь дуьйна Гуьржийчоьнан массо кӀошташ муниципалитеташ аьлла хийцина