Рамазан (бутт)
Рамазан | |
---|---|
Цул хьалхарниг | шаӀбан |
Цуьнан рогӀераниг | шаввал |
Йохалла | 30 де-буьйса[1] |
Йуьхьанца дуьйна дӀа(д)баьлла | 9 бутт |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Исламан рузма |
---|
1. Мухьаррам |
Тахана: кӀиран де |
Рамаза̄н йа рамада̄н (Ӏаьр. ُرَمَضَان) — иза исламан рузманан йа беттан шеран уьссалгӀа бутт бу. Иза шаӀбан баттал тӀаьхьабогӀуш бу. Бусалбанашна гергахь хӀара бутт къаьсташ а, хӀижрин шеран беттанашна йукъахь шен меттиг йолуш а лоруш бу. Иза мархин бутт бу, шена чохь Мухьаммад пайхамаре ﷺ дуьххьара вахьйу доссийна бутт болу дела. Цуьнан деношкахь, сатасарца, малх чубуззалц, бусалбанаш йухакхета (шарӀан бехказло йацахь) йаарх а, маларх а, марха дохош долчу цамагийначу хӀуманех а.
Рамазан бутт дӀаболало беттан керла бутт дӀаболабаларца. Иза дӀаболабалар гуш хуьлу 29-чу шаӀбанехь суьйранна йа беттаса гарца, тӀаккха шолгӀа де рамазанан хьалхара де хуьлу йа шаӀбанан 30 де дузарца болало иза, нагахь санна беттаса гина аьлла сецна дацахь.
Рамазан беттан башха меттиг йу бусалбанийн тӀаьхьалонехь а, исторехь а, цу чохь масийтта хилам хилла дела, царех уггар коьрта хилам бу: Лавхьул-Махьфуз чуьра дуьненан стигална тӀе Къуръан доссар дӀадоладалар а, цуьнан тӀаьххьарчу буьйсанашкахь Лайлатул-Къадр олу йеза буьйса хилар а.
Къуръан чохь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Сийлахьчу Къуръан чохь «Йетт» (Аль-Бакъарат) цӀе йолчу сурат чохь аят ду:
183. ХӀай шаьш [Делах] тешнарш! [Дала] Шуна [йаздина] тӀедиллина марха кхáбар, шул хьалхарчáрна [Шá] тӀедилларх терра. Шу кхоьруш хилийтархьама [ӏесаллах].
184. [мáрханаш кхáба] Лéрина [долчу] деношкахь. Ткъа шух шá цомгуш, йа нéкъаца хилларг [милла а велахь], тӀаккха [цунна тӀехь] кхéчу дéношха масех [кхáбар] ду. И ца кхáбалочáрна тӀехь [цáра балабéзаш] мáх бу — мискачунна [цхьаъ] кхáча балар. Шен лаамца [шеггара] дика динарг [милла велахь], иза цунна дика ду. Аша мáрхакхáбар шуна дика ду, шуна [и] хууш делахь.
185. Мáрхин бутт, шéна чохь Къуръáн доссийна [бутт] бу, нáхана нийса некъ а, нийсачу новкъах [йолу] билгалóнаш а хилла [долу]. Шоьх [цу] баттана шá тӀекхаьчначó кхóбийла и. Ткъа шá цомгуш, йа нéкъаца хилларг [милла велахь], тӀаккха [цунна тӀехь] кхéчу дéношха масех [кхáбар] ду. Делана шуна атталла лаьа, шуна халó [ян] ца лаьа. Аша кхóчуш дойла [и] масех [де , АллахӀу акбар áларца] вазвойла Дела, Цó шаьш [бакъонна тӀе] нисдарна . Шу баркаллé хила тарло .
187. [Дáла] Шуна магийна мархин [беттан] буьйсанна [шу] шайн зударшна [эвхьаза] тӀегӀортар . Уьш шун дýхар ду, шу цéран дýхар ду. Делана хиъна, баккъалла а аша шайн догӀмаш лéдеш хиллий, тӀаккха шуна гечдина Цó , шуна къинтӀéра ваьлла. ХӀинца [эвхьаза] хьакхалó шу цáрех [меттахь], аша лаха [цáрца] Дала шайна йаздинарг. Йаа, мала Ӏуьйранна кӀай тай Ӏаьржачу тайх [сá-бóда] къáстталц, тӀаккха кхóчуш де [шайн] марха буьйса йоллалц . Шу цáрех [шайн зударех эвхьаза] хьакха ма лó шаьш маьждигехь [Ӏибáдат деш] Ӏеш долуш. Уьш Делан [шарӀан] дóзанаш ду. Шу герга ма гӀó цáрна. Иштта, билгалдо Дала нáхана Шен áяташ. Уьш [хьáрамчух] кхерийта. (Аль-Бакъарат 2:183-185-187)
Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ العجيري ص. التقويم الهجري (Ӏаьр.) — مدينة الكويت: مكتبة العجيري, 1988. — С. 23. — 140 с.