Чулацаман тӀегӀо

Пеле

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Пеле
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Эдсон Арантис ду Насименту
Харц цӀе Футболан паччахь[1]
Вина терахь 1940 шеран 23 октябрь({{padleft:1940|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (84 шо)
Вина меттиг Трес-Корасойнс, Минас-Жерайс, Бразили
Кхелхина терахь 2022 шеран 29 декабрь({{padleft:2022|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})[2][3][…] (82 шо)
Кхелхина меттиг
Гражданалла Бразилин байракх Бразили
Локхалла 173 см
Позици тӀелатархо, ахтурсло
Кегийрхойн клубаш
1952—1955 Бразилин байракх (1889—1960) Бауру
1955—1956 Бразилин байракх (1889—1960) Нороэсте
Клубан карьера[* 1]
1956—1974 Бразилин байракх (1968—1992) Сантос 496 (504)
1975—1977 АЦШн байракх Нью-Йорк Космос 64 (37)
1956—1977 Карьерехь шаерг 560 (541)
Къоман гулйина команда[* 2]
1957—1971 Бразилин байракх (1968—1992) Бразили 92 (77)
СовгӀаташ а, мидалш а
Дуьненан чемпионат
Деши Швеци 1958
Деши Чили 1962
Деши Мексика 1970
Къилба Америкин чемпионат
Дети Аргентина 1959
Правительствон совгIаташ
Риу-Бранку орденан кавалерРиу-Бранку орденан командор«Культурехь динчу гӀуллакхан» орденан кавалерКеп:Британин империин орден
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Пеле
Пеле
Байракх Бразилин спортан Министр
Президент Кардозу Фернанду Энрики

Вина терахь 1940 шеран 23 октябрь({{padleft:1940|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})[6][7][…]
Кхелхина терахь 2022 шеран 29 декабрь({{padleft:2022|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})[2][3][…] (82 шо)
ДӀавоьллина
Вича тиллина цӀе порт.-браз. Edson Arantes do Nascimento[8]
Да Дондиньо
Нана Celeste Arantes
Зуда Rosemeri dos Reis Cholbi, Assíria Nascimento[9][10], Марсия Аоки[10]
Бераш Насименту, Эдсон Шолби, Сандра Регина Мачадо
ГӀуллакхалла футбол[11]
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
рыцарь-командор ордена Британской империи серебряный Олимпийский орден кавалер ордена Почётного легиона офицер ордена Алауитского трона орден Риу-Бранку

почётный гражданин Балтимора (1973 шеран 30 май)

Уважаемый гость Мехико (2009)

Ключи от Мехико (2009)

Иностранный спортсмен года по версии BBC (1970)

Футболист года в Южной Америке (1973)

National Order of Merit

Команда мечты Золотого мяча (2020)

Награда Ассоциации футбольных журналистов за заслуги перед футболом (2018)

Премия Laureus за спортивную карьеру (2000)

Премия BBC «Спортивная личность года» (2005)

орден Заслуг ФИФА (1984)

Игрок столетия по версии ФИФА (2000)

Президентская премия ФИФА (2007)

Легенда бренда Marca (1997)

Золотой мяч чемпионата мира (1970)

Сайт pele10.org(ингалс.)
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Э́дсон Ара́нтис ду Насиме́нту[12] (порт.-браз. Edson Arantes do Nascimento; вина 1940 шеран 21 октябрехь йа 23 октябрехь[13][14][15], Трес-Корасойнс, Минас-Жерайс), дика вевзаш ву Пеле́ (порт. Pelé) цӀарца — бразилийн футболист, тӀелатархо (тӀелета хавбек[16][17][18][19]). Левзина «Сантос» а, «Нью-Йорк Космос» а клубашкахь. 92 матчехь левзина, 77 гол тоьхна Бразилин футболан къоман гулйина командан йукъахь.

Пеле — дуьненахь цхьа футболист ву, кхузза ловзархо волуш кхузза дуьненан чемпион хилла (1958, 1962, 1970 шерашкахь). Йеа дуьненан чемпионатехь дакъалаьцна. Уггар дика ловзархо дуьненан чемпионат 1970. Уггар дика къона ловзархо дуьненан чемпионат 1958. Къилба Америкин шеран футболист 1973 шарахь. Шозза дуьненан чемпионатийн символан гулйина командан декъашхо. «Сантос» йукъахь шозза баьккхина Континенташна йукъара кад а, Либертадоресан кад а, Континенташна йукъара чемпионийн суперкедан толамхо, иттоза чемпион Сан-Паулу штатан, доьазза толамхо Рио-Сан-Паулу турниран.

ФИФА футболан комиссин версица XX бIешеран Уггар дика футболист ву; кхолламан официалан сайт тӀехь Пеле — XX бӀешеран шолгӀа футболист ву[20][21]. XX бӀешеран уггар дика спортсмен ву Дуьненайукъара олимпийн комитетан версица[22]. МФФИИС хеттамашца хьалхарчу меттигехь ву XX бӀешеран уггар дикачу футболисташна йукъахь. World Soccer журналан версица хьалхара меттиг латтабо уггар дикачу XX бӀешеран ловзархошна йукъахь. Хьалхара меттиг латтабо уггар дикачу XX бӀешеран ловзархошна йукъахь France Football версица[23]. Хьалхара меттиг латтабо уггар дикачу XX бӀешеран ловзархошна йукъахь Guerin Sportivo версица[24]. Хьалхара меттиг латтабо футболан исторехь уггар дикачу ловзархошна йукъахь Placar версица[25]. Дуьненан чемпионатийн исторехь шолгӀачу меттигехь ву The Times газетан версица[26]. ФИФА 100 йукъавогӀу.

ФИФА версица массо а дуьненан чемпионатийн дикачу ловзархойн символан вовшахтоьхначу командин декъашхо[27]. Къилба Америкин историн дикачу ловзархойн символан вовшахтоьхначу командин декъашхо[28]. Time журналан версица дуьненан 100 уггаре Ӏаткъамечу стагах цхьаъ ву.

1995—1998 шерашкахь лаьттира Бразилин спортан министран даржехь.

Къуона шераш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Вина 1940 шарахь 23 октябрехь бразилин Минас-Жерайс штатера жимачу Трес-Корасойнс гӀалахь къийечу доьзалехь. Футбол дукха дезачех ловзар дара жимачу Эдсонан. Цуьнан да Дондиньо, хьалха ша а футболист хилла вара, дуьххьарлера хьехархо хилира кӀента, дӀайелира цхьайолу шен спортан говзаллин къайленаш. 7 шо долуш Эдсон ловза волавелира меттигерчу берийн командехь, цигахь чӀогӀа къаьсташ вара хазчу, жамӀдечу ловзарца атакехь. Цхьаьна хенахь командин тренер хилира Бразилин къоман гулйина командехь хилла волу Валдемар де Брито, оцуо кхин дӀа боккха аьтту бира Пелен. Хьехархочо хьовсарш дира «Сантосехь» (Сан-Паулу штат). Дукха хан йалале 15-шо долу Пеле йукъавахара тӀехьа дуьненахь йевзаш хиллачу клубан.

Профессионалийн карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1956 шеран сентябрехь, цуьнан 16 шо а кхачале, клубан официалан матчехь дуьххьара арен тӀе велира («Коринтиансан» дуьхьала) — гол а туьйхира. «Сантос» йукъахь ловзучу хенахь (1956—1974) 11-за Сан-Паулу штатан чемпион хилира (11-за турниран уггар дика бомбардир а хилира — уггар жамӀехь дерг дара 1958 шо: 58 гол). 6-за баьккхира Бразилин кад, шозза — Либертадоресан кад а, Континенташна йукъара кад а.

Къоман гулйина командехь Пелен дебют хилира ДЧ-1958 Швецехь — иза а чӀогӀа дика хилира, «Сантосера» дуьххьара ловзарш санна, хӀетте а иза ловза веана вара могаш а воцуш. ССРС гулйина командина дуьхьала аравелира шен командин стартан хӀоттамехь. Чийрик-финалехь Уэльсан дуьхьалчу матчехь туьйхира толаман гол. Ахфиналехь Францин командан дуьхьала хет-трик йира, ткъа финалехь туьйхира ши буьрка турниран хӀусамдайшна. 17 шо долу Пелен говзанчашкара а, хьовсархошкара а, мостагӀашкара а, массаьргара а ларам кхечира, иза хилира уггар къуона чемпионом дуьненан чемпионатийн исторехь.

Дуьненан чемпионаташкахь 1962 а, 1966 а лазийна хиларна ша ма-варра гойтийла ца хилира. Финалан турнир 1970 (Пелен спортан биографехь йоьалгӀа) триумф йолуш хилира — цунна шенна а, командана а, дукхаха болу эксперташ оцу чемпионатехь Бразилин гулйинчу командан хӀоттам исторехь уггар чӀогӀа лору. Бразилин футболисташ, кхуззалгӀа Жюль Римен совгӀат даьккхича, бакъо йелира даиман а иза шайгахь дита, ткъа Пеле Мексикехь гулйина команда тоьлча хилира исторехь цхьаъ бен воцу футболех ловзарех кхузза дуьнена чемпион. Пелес туьйхира Мексикехь бразилин гулйина командан бӀолгӀа гол, дуьненан чемпионатийн финалан турнирашкахь тоьхна йолчарех. Ша иза левзина оцу турнирашкахь 14 матчехь, тоьхна 12 гол. Шадерг лаьрча гулйинчу командехь (92 матч) цуо тоьхна дуьхьалйолчу командашна 77 буьрка — цул сов хӀинца а цхьан а ваьлла вац. Цуо цкъан а команда ара ца йаьккхина капитанан баьхчалг йихкина.

«Нью-Йорк Космос»

[бӀаьра нисйан | нисйан]

«Сантосехь» а, къомана гулйинчу командехь а левзина ваьлчи, 1975 шарахь Пелес контракт йаздира америкин профессионалийн «Космос» клубаца (Къилбаседаамерикин футболан NASL лигера), оцуо футболан дуьне цецдаьккхира. Йоккхачу спорте йухавар доьзна дара ахчанца долу хьал ледар хилар (цӀена боцучу финансийн хьехамчаш бахьнехь[29]), ткъа иштта Ӏалашо йара АЦШ-хь футбол марзйар. Иштта ладаме финансийн баланаш хилира Пелен 1960-гӀа шерашна йуккъехь а: банкрот хиллачул тӀехьа «Сантосан» куьйгалло кховдина гӀуочу хьолехь долу «гӀо» дӀаэца дийзира цуьнан. Оцу хенахь динчу кхаа шеран контрактаца, цхьа шо Пеле маьхаза ловза везара. Ший а Ӏалашо, АЦШ валие хьалха хӀоттийна йолу, аьттонца чекхйаьккхира. «Космосца» контракт йаздина, Пеле оцу хенахь хилира уггар алсама алапа догӀу дуьненара спортсмен. Ткъа иза «Космосехь» ловзучу хенахь «европин футболах» ловзарехь хьовса богӀурш иттоза гергга тӀекхийтира.

1977 шеран 1 октябрехь Пеле, шен йоккхачу лакхарчу совгӀатийн коллекци тӀе АЦШ чемпионан дарж тоьхна, Ӏадикайаран матч левзира, оцу матчехь иза цхьацца тайм «Космосехь» а, «Сантосехь» а левзина, футболан карьера сацийра.

Со ирсе ву шуца хиларна хӀокху сан дахаран сийлахьчу моментехь… Со теша, безам… — цуьнан бӀаьрхиш девлира, — безам уггар ладамениг ду дахарехь. Нагахь шу соьца реза делахь, тӀаьхьара ала суна и дош…

1960 шо. 20 шо долу Пеле ловзуш ву Бразилин гулйинчу командехь доттагӀаллин матч шведин «Мальмё» клубан дуьхьала

Пелен говзаллин къайле лечкъина цуьнан инзаречу физикин гайтамашкахь а, къинхьегамехь а. Хууш ду, шен уггар дика спортан карьера йолчу хенахь иза вадара 100-метран йукъ 11 секундал кӀезиг, иза дукха оьшуш йац профессионалийн йайн атлетикин спринтерийн гайтамел. Шен хенахь бинчу талламаш гайтира, Пелен чӀогӀа шуьйра бӀаьрса хилар: цуо аьтту буора цунна сихха мах хадуо хийцалуш лаьттачу хьолан — тӀаккха нийсаниг дан а.

Дуьненахь дала доккха совгӀат делла, Пелес тӀаккха а кӀезиг хан ца яйара футболан говзаллин цхьайолу компоненташ тӀехь, цундела цуо цхьатерра дика тохара шине когаца а. Кхин а цуьнан дика агӀо — хаза дриблинг а, обводка а. Пелегахь йолчу буьрка лелоран тӀехдика говзаллан тӀе вадар сиха а дара, ткъа дуккха а тренировкашкахь тодина ловзар дара пхьеран санна дика.

Пелен голан синкхетам бара, тамашийна интуици а, ловзарх кхетаар а дара. Шен лакхара говзалла хьаьжна ца Ӏаш, Пеле даиман а командан ловзарехьа вара. «Массеран а ницкъашций бен футболехь толам хуьлийла бац, — боху цуо. — Футбол — команда, коллектив йу, ши-кхо цӀе йац». Пеле вевза буьрка йаларан «гроссмейстер» олуш, цуо луш йолу буьрка нийса кхочура накъосташка, шен хеннахь а хуьлура — цара соне лоллура дуьхьалберш, уьш стандартехь ца хиларна а, цӀеххьана хиларна а.

Эксперташна хетарехь, Пелен техникехь ледара меттигаш йацара, цуьнан ловзарехь башха леларо дукхах дерг хийцира футболан таронаш гар. Цуо арен тӀехь гойтуш долу дукхаха долу «тамашийна хӀумнех», хилира туьйранаш, ткъа 1961 шарахь «Маракана» стадионехь Пелес шен кевнаш тӀиера ша дуьхьалчеран шайолу команда ловза а йина «Флуминенсен» кевнаш чу тоьхна йолу голах «бӀешеран гол» цӀе тиллира, «Маракана» тӀехь иэсан хьаьрк хӀоттийра.

Пелес тоьхна 1281 официалан чӀагӀина йолу гол (1363 матчехь, «Сантос», «Космос», къоман гулйина командан йукъахь). Уггар жамӀе шо цуьнан биографехь хилира 1959—126 гол. Дуьненан футболан исторехь уггар дикачу бомбардиран чоьтехь 92 хет-трик йу, 30 матчехь цуо йиъ-йиъ буьрка тоьхна, 6 ловзарехь сов пхиппа гол тоьхна (футболан статистика даиман а нийса йац). Футболан Паччахьа кхин а ша кепара рекорд хӀоттийна 1964 шарахь, цхьана матчехь 8 гол тоьхна «Ботафого» кевнаш чу.

Шен юбилейн — эзарзолгӀа — гол Пелес тоьхна 1969 шеран 19 ноябрехь пенальтера «Сантосан» «Васко да Гама» командан дуьхьала ловзуш. Бразилин зӀенан Министерстралло оцу хьокъехь, футболистан шен кхиаман лерина дуьненахь цхьаъ бен йоцу поштан марка арахецна. «Сантосо» 19 ноябрь даздо «Пелен де» олий.

Маракана стадион тIиера Пелен коган лар

Пеле чIогIа гIараваьлла вара (хIинца а ву) шен корматалла санна. «Сантосан» куьйгалхочо дуьненайукъара матчаш лелош болчаьрца деш долу контрактаца, Пеле ловзуш вацахь клубан «гонорар» шозза лахадаккхара. 1970 шарахь Нигерехь тIом сацийна, леррина шина денна машар кхайкхийра Пеле йукъахь волуш «Сантос» Лагосехь доттаг1аллин матч ловзуш йу аьлла.Кеп:Дац АХЬ

Пеле а, цуьнан 1958 а, 1962 шерашкара гулйинчу командера накъост а, ткъа иштта 1970 шарахь тренер хилла волу Загалло Марио

Пелес «Со — Пеле» цIе йолу автобиографин жайна йаздича, дуккха а йеша ца хууш болу бразилхой, леррина деша буьйлабелира гIараваьллачу махкахосчун мемуараш йешархьама. Бразилин серлонан Министралло совгIат дира футболистан иэсан дешин мидалца, цуьнан цуо мах хадабо шен спортан совгIатийн санна [1]. Пелех пачхьалкхан символех цхьа символ хилла, цуьнан бакъдолу «1аьржа жовх1ар» (Perola Negra — цунна техкинчу ц1арех цхьаъ), ткъа Бразилин президенто арадаьккхина леррина омар, цуьнца гIараваьлла тIелатархо кхайкхийна «къоман йукъара бахам», — Пеле европин клубе дехьа ца валийта.

1970-гIа шерашкахь дуьненан маьI-маьIнехь леррина бинчу хеттамашца, 95 стагана 100 вовзара Пеле. Цхьадолчу терахьашца, цуьнан йу йеллачу интервьюн а, даьхначу суьртийн а бараман рекорд. Ткъа цIе а, Пелен лерам а тайп-тайпанчу хенахь лелайора бес-бесара сурсатийн рекламан: спортгIирсан, къахьон тIиера, пхьаьрсах доьхкучу сахьте кхаччалц.

Масейо гIалахь йу 30 эзар меттиг болу Пеле паччахь цIе йолу стадион. Дуьххьара матч оцунна тIехь хилира 1970 шарахь, левзира меттигера Алагоас шатера «седарчий» «Сантосан» дуьхьала. Хьешаша дукха атта толам баьккхира чот 5:0 йолуш.

1981 шарахь «Толаме вадар» цIе йолу фильм йоккхуш дакъа лаьцна.

Российн Президентаца Путин Владимирца. Петарбух, 2017 шо

1999 шарахь ДОКо Пеле лаьрра бIешеран уггар сийлахь спортсмен (цкъа а Олимпийн ловзаршкахь дакъа лаьцна а воццушехь), ткъа ФИФАс дере дина аргентинхочунца Диего Марадоница цхьаьна уггар дика футболист хиларх (Марадона туьйлира интернет-кхожехь, ткъа Пеле — профессионалийн жюрин кхожехь, сийлахь цIе йийкъира).

1990-гIа шерийн шолгIачу декъехь кхочушдеш вара Бразилин кегийрхойн гIуллакхан а, туризман а, спортан а министран дарж. КIезиг хан ца йойъу йукъараллин гIуллакхан (ВКЪКХ а, ЮНИСЕФ а Лаам дика векал), футболан пропагандан, муьлххачу спортан дуьненан массанхьа а. Башха дешаран программин гуранчохь дакъа лецира берашна футболех лаьцна дешаран фильм йоккхуш. ГIараваьлла киноактёр (Пелен фильмографехь футболан теман лента ду — Толаме вадар), телекомментатор, бизнесмен (дуьненахь йевзаш йу Cafe Pele марка кофе), автор а, шен эшарш лакхархо.

Пелен гIуллакх дIадаьхьира цуьнан кIанта Эдиньо, иза а кхечира «Сантосан» йукъа. Амма, иза ковлардархо хилира.

Цуьнан дахар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1966 шарахь Пелес зуда йалийра, иза йара Роземери дос Рейс Шолби, церан кхоъ доьзалхо хилира: Келли Кристина (1967), Эдсон (1970), Женнифер (1978). 1982 шарахь Пеле а, Роземери къаьстира[30].

1994 шарахь Пелес шолгIа зуда йалийра, цуо хаьржинарг йара Ассирия Лемос Сейшас. Церан хилира шалабераш Жошуа а, Селесте а, 2008 шарахь уьш а къаьстира[30].

2016 шеран июлехь кхуззалгIа зуда йалийра, иза йу 50-шо долу бразилин совдегархо японех схьайалар долу Марсия Сибели Аоки[31].

Гулйина команда

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ловзаран статистика

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Клуб Сезон Къаьмнийн турнираш Шаерг
НТ
Пачхьалкхан Кад Континентан турнираш Шаерг
Оф.
Шаерг
Дот.
ПЛ РСПТ РГПК АС БК ЛК КЮК
Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш
Сантос 1956 0 0 0 0 0 0 2 2
1957 29 36 9 5 38 41 38 41 67 57
1958 38 58 8 8 46 66 46 66 60 80
1959 32 45 7 6 39 51 4 2 43 53 83 100
1960 30 33 3 0 33 33 0 0 0 0 0 0 33 33 67 59
1961 26 47 7 8 33 55 5 7 0 0 0 0 38 62 74 110
1962 26 37 0 0 26 37 5 2 4 4 2 5 37 48 50 62
1963 19 22 8 14 27 36 4 8 4 5 1 2 36 51 52 67
1964 21 34 4 3 25 37 6 7 0 0 0 0 31 44 47 57
1965 30 49 7 5 37 54 4 2 7 8 0 0 48 64 66 97
1966 14 13 0 0 14 13 5 2 0 0 0 0 19 15 38 31
1967 18 17 14 9 32 26 0 0 0 0 0 0 32 26 65 56
1968 21 17 17 11 38 28 0 0 0 0 0 0 38 28 73 55
1969 25 26 12 12 37 38 0 0 0 0 37 38 61 57
1970 15 7 13 4 28 11 0 0 0 0 28 11 54 47
1971 19 8 21 1 40 9 0 0 0 0 40 9 72 29
1972 20 9 16 5 36 14 0 0 0 0 36 14 74 50
1973 19 11 30 19 49 30 0 0 0 0 49 30 66 52
1974 10 1 17 9 27 10 0 0 0 0 27 10 49 19
Шаерг 412 470 53 49 56 36 84 34 605 589 33 30 15 17 3 7 656 643 1120 1087
Клуб Сезон КЪАФЛ Кхин а Шаерг
Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш
Нью-Йорк
Космос
1975 9 5 14 10 23 15
1976 24 15 18 11 42 26
1977 31 17 11 6 42 23
Шаерг 64 37 43 27 107 64

Гулйинчу командехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Гулйина команда Сезон
Ловзарш Голаш
Бразили
1957 2 2
1958 7 9
1959 9 11
1960 6 4
1961 0 0
1962 8 8
1963 7 7
1964 3 2
1965 8 9
1966 9 5
1967 0 0
1968 7 4
1969 9 7
1970 15 8
1971 2 1
Шаерг 92 77

Футбол йитича

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • 1995 шарах Пеле Бразилин спортан министр хIоттийна.
  • 1998 шарахь командоран рыцарь олу Британин империн орден (KBE) йелла. Амма, Цуьнан сийлаллин куьйга к1елахь ца хиларна, Пелес лело йиш йац дешахьалхе «сэр».
  • 1999 шарахь Дуьненайукъара олимпийн комитето Пелех б1ешеран спортсмен вина.
  • 2000 шарахь ФИФАс XX бIешеран уггар дика футболист лаьрра.
  • Пеле ЮНЕСКОн посол вина.
  • Пелес зорба тоьхна масех автобиографин, масийттаза кино йоккхуш дакъа лаьцна, музыка йаьккхина.
  • Тренер хила а гӀиртира. Шина шарахь (2006—2008) «Сантосан» тренерийн штаб йукъахь хилла.
  • 2011 шарахь «Сантос» клубе ловза кхайкхира дуьненан клубан чемпионатехь дакъалаца[37]
  • 2014 шарахь йелла сийлаллин «ФИФА дешин буьрка».

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Великие сборные XX века: Пеле, Гарринча, Нилтон Сантос
  2. 1 2 Verdens gang (норв.)(untranslated): (untranslated), 1945. — ISSN 0806-0894
  3. 1 2 Meghalt Pelé, a Fekete Gyöngyszem
  4. https://g1.globo.com/saude/noticia/2022/12/29/pele-entenda-o-que-e-o-cancer-de-colon-doenca-que-o-ex-jogador-tinha.ghtml
  5. https://www.metropoles.com/esportes/futebol/hospital-albert-einstein-oficializa-causa-da-morte-de-pele
  6. Pelé // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  7. Pelé // filmportal.de — 2005.
  8. https://www.uol.com.br/esporte/futebol/ultimas-noticias/2022/12/29/morre-pele-o-maior-jogador-da-historia.htm
  9. https://caras.uol.com.br/arquivo/pele-e-assiria-separacao-apos-14-anos.phtml
  10. 1 2 https://esportes.yahoo.com/noticias/pele-e-seus-conjuges-quem-foram-os-amores-do-astro-do-futebol-192732301.html
  11. Чешская национальная авторитетная база данных
  12. Пеле // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  13. Пелен паспорт тӀех йаздина ду терахь 21 октябрь, амма ша спортхочо нийсаниг 23 октябрь ду боху
  14. Тейшера: благодарим Пеле за все выигранные трофеи(ТӀе цакхочу хьажорг)
  15. Вечно молодой
  16. Santos F.C Архивйина 2013-09-23 — Wayback Machine
  17. TalkFootball — Guide
  18. Pelé: «Xavi hace lo que yo hacía» — FIFA.com Архивйина 2014-07-02 — Wayback Machine
  19. Quand Pelé rêvait d'être Xavi — Foot — Insolite — L’EQUIPE.FR Архивйина 2014-10-13 — Wayback Machine
  20. У футбола теперь двуглавый король. Спорт-Экспресс (13 декабря 2000). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 9 апрель. Архивйина 2011 шеран 1 февралехь
  21. Pele, Maradona each win FIFA century awards after feud (инг.). Sports Illustrated (11 декабря 2000). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 9 апрель. Архивйина 2011 шеран 1 февралехь Архивйина 2012-05-24 at archive.today
  22. Pele still in global demand Архивйина 2008-04-21 — Wayback Machine
  23. France Football’s Football Player of the Century
  24. Guerin' Sportivo’s I 50 Grandi del Secolo by Adalberto Bortolotti
  25. Placar’s 100 Craques do Século
  26. Марадона — лучший игрок мундиалей по версии The Times. Чемпионат.ру (23 марта 2010). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 9 апрель. Архивйина 2011 шеран 1 февралехь
  27. ФИФА называет сборную чемпионатов мира всех времен. Спорт-Экспресс (20 июля 2002). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 9 апрель. Архивйина 2011 шеран 1 февралехь
  28. До уровня Пеле и Марадоны новое поколение еще не доросло. Спорт-Экспресс (20 июля 1999). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 9 апрель. Архивйина 2011 шеран 1 февралехь
  29. Бизнес Пеле(ТӀе цакхочу хьажорг)
  30. 1 2 Pelé (Edson Arantes do Nascimento) Архивйина 2013-08-03 — Wayback Machine Биография Пеле на сайте All Football Players(ингалс.)
  31. Король футбола женился в третий раз
  32. С 2011 года победы в Кубке Бразилии 1959—1968 приравниваются к победам в чемпионатах Бразилии. Аналогично, Кубок Робертан приравнен к титулу чемпиона страны.
  33. В Бразилии победитель Кубка страны становится не обладателем, а чемпионом Кубка.
  34. В 1973 титул поделён с «Португезой».
  35. В 1964 титул поделён с Ботафого.
  36. 1 2 Подробная статистика голов Пеле
  37. «Сантос» пригласил Пеле сыграть на клубном чемпионате мира Архивйина 2011-09-27 — Wayback Machine