Норвегин хӀорд
Норвегин хӀорд | |
---|---|
Амалш | |
Майда | 1,4 млн км² |
Дуккха кӀоргалла | 3970 м |
Лаьтта меттиг | |
67°52′32″ къ. ш. 1°03′17″ м. д.HGЯO | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Норве́гин хӀо́рд — Къилбаседа Шен Ӏапказан йисттера хӀорд (советийн а, российн а библиографехь)[1], Скандинавин ахгӀайрен а, Исландин а, Ян-Майен гӀайренан а йукъахь. ХӀордан бух тӀехь доьжна ду 1989 шарахь доьхна советийн атоман хин бухахула лела кема «Комсомолец».
Атлантикин йа Къилбаседа Шен Ӏапказ
[бӀаьра нисйан | нисйан]Советийн а, тӀаьхьа российн библиографехь (ЙСЭ а, ЙРЭ) Къилбаседа Шен Ӏапказан доза доккху Гренланди — Исланди — Фарерийн гӀайренаш — Шетландин гӀайренаш — Норвеги асанца, тӀаккха Норвегин хӀорд Къилбаседа Шен Ӏапказ йукъахь хуьлу. Малхбузан хьасташкахь, масала, Дерригдуьненан гидрографин кхолламан терминологехь, Къилбаседа Шен Ӏапказан доза доьду Гренланди — Исланди — Шпицберген — Ченан гӀайре — Норвеги асанца, тӀаккха Норвегин хӀорд Атлантикин Ӏапказан йукъахь хуьлу.[2]
Физика-географин амалаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Майда 1,4 млн км², кӀоргалла 3970 м (йуккъера кӀоргаллаш — 1600—1750 м), хӀорд тӀекхетар барам — 3,3 м гергга, дуьралла — 35 ‰ гергга. Норвегин хӀордан доккха маьӀна долуш ду довха Норвегин хилелар (Гольфстриман чеккхе); и хилелар бахьнехь Норвегин хӀорд Ӏай гӀуора ца бо. Норвегин бердашца хи кӀорга дац, амалехь йу гомхаллаш (Лофотенан банканаш а, кхин а).
Уггар йаккхий гӀайренаш: Сёрёйа, Сейланн, Аннёйа, Арнёйя, Рингвассёй, Сёр-Квалёй, Квалёйа, Сенья, Вестеролен гӀайренаш, Лофотенан гӀайренаш, Дённа, Вега, Фрёйя, Хитра, Смёла Норвегин берда йисттехь.
Бахаман маьӀна
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дика даьржина чӀарлацар (треска, сельдь) а, мехкдаьтта даккхар а.
Ладаме порташ — норвегера Тронхейм, Тромсё, Нарвик.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Норвежское море // Никко — Отолиты. — М. : Советская энциклопедия, 1974. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 18).
- ↑ Границы океанов и морей, Всемирная гидрографическая организация, 1953 Архивйина 2011-10-08 — Wayback Machine