Чулацаман тӀегӀо

Википеди

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Wikipedia
Википеди
Логотипан сурт
Википедин коьрта агӀо
URL: www.wikipedia.org
Са йаккхар: Дац
Мотт/меттанаш: 328[1]
Эхар: (статистика Рейтинг@Mail.ru)
Сервер йолу меттиг: Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ АЦШ: Ашберн, Сан-Франциско, Даллас, Карролтон, Чикаго;
Нидерландаш Нидерландаш: Амстердам
Долахо: Викимедиан фонд
Автор: Джимми Уэйлс[2] а, Ларри Сэнгер[3] а
Болх болийна: 2001 шеран 15 январехь[4]
Карара статус: Болх беш ю, кхуьуш ю
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Википе́ди (инг. Wikipedia, хеза [ˌwɪkɨˈpiːdiə] йа [ˌwɪkiˈpiːdiə]) — йукъара лело дуккха меттанийн универсалан маьрша контент йолу интермаша-энциклопеди[комм. 1], йина викин хьесапашна тӀехь.

Сайтан долахо — америкин коммерцин боцу кхоллам «Викимедиан фонд», цуьнан 37 регионийн вакилат йу. Энциклопедин цӀе схьайаьлла ингалсан дешнех wiki («вики»; шен рогӀехь тӀеэцна гавайн меттара, оцу маттахь цуьнан «сихха» маьӀна ду) а, encyclopediaэнциклопеди») а.

2001 шеран январехь Уэйлс Джиммис а, Сэнгер Ларриса дӀайиллина[5], Википеди хӀинца уггаре йоккха а, уггаре гӀарайаьлла а[6] Интермашера справочник йу[7][8][9]. Хаамийн а, тематика дӀалацаран а чухоамца Википеди лору йерриг адамаллин исторехь мацца а йиначех уггаре йуьзина энциклопеди[10][11]. Википедин коьртачех дикалла, универсалан энциклопеди хиларе терра лелочун лелочун ненан маттахь хаамаш схьаэца таро хилар йу[12].

2018 шарахь Википедехь дакъош ду 301 маттахь, кхин а 493 маттахь инкубаторехь. Цунна чохь бу 50 миллион сов[1] йаззам. Википедин интермаша-сайт 10 уггаре дукха дӀайоьлла дуьненан сайташна йукъахь йу[13].

2018 шарахь Википедехь дакъош ду 301 маттахь, кхин а 493 маттахь инкубаторехь. Цунна чохь бу 50 миллион сов[1] йаззам. Википедин интермаша-сайт 10 уггаре дукха дӀайоьлла дуьненан сайташна йукъахь йу[13].

Википедин коьрта башхалла йу, йаззам кхолла а цунна чохь хьанна а магар[комм. 2]. Шайн лаамхоша бина берриш хийцамаш сихха хьажа тарой у сайтан чубевллачарна. 2013 шеран декабрехь Википеди кхоьллинаУэйлс Джиммин Бор Нильсан Дешин мидалца совгӀат даран хьокъехь ЮНЕСКОс динчу дӀахьедарехь аьлла, иза йу «иза беккъа гӀирс хила ца Ӏа,иза вай дехачу муьран цхьаьнаболхбаран сийлалла, адаман интеллект а, Искандрин библиотекин» гулам а санна шира ойла кхочушйар[14][15].

Википедин тешамаллех а, нийсаллех а хеттарш хуьлу[16]. Википеди йемал йо харц йа теллина боцу хаамаш тӀетоха таро хиларна а, цуьнан агӀонаш тӀера вандализм [17] а бахьнехь. Амма Ӏилманан талламаша тешалла до, Википедехь вандализман ларраш сихха дӀайоху[18][19].

Оьрсийн маттара Википедин декъехь, 2024 шеран 21 ноябрехь, бу тайп-тайпана тематикин 2 010 813 йаззам, лаьтта 7-гӀа меттигехь дерриг меттанийн дакъошна йукъахь йаззамийн барамца.

Функци лелоран модель

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ламаста энциклопедех къаьсташ, масала, Encyclopædia Britannica, Википедин цхьа йаззам Экспертан маххадорера формалан талламах чекх ца йолу. Википедин муьлхха йаззаман редакци йан йиш йу декъашхочун чоьтан йаззам тӀера а, кхин а проектехь регистраци ца йеш а (сих-сиха вандализман кӀела йоьду цхьацца агӀонаш йоцурш, царна хийцамаш бан ло билгала болчу декъашхойн категорешна йа, кхин меттиг ца хилча, беккъа Википедин администраторшна), цу тӀе йаззам йукъахь бина хийцам сихха гуш хуьлу муьлххачу лелорхочунна. Цундела Википедис шен чулацам «бакъ хиларан гаранти ца ло»[20], мухха хилча а, йаззамехь харц хаам чубаьккхинчу моментан а, и хаам Википедин кхин декъахочо (оцу хаарийн областехь гӀоле хууш волу) дӀабаккхаран моментан а йукъахь, цхьа билгала хан йер йу. (Кара а йина, йаззамера гуш йолу вандализм дӀайаккха, оьшу дуккха а кӀезиг хан, и йаззам харц хаамах мукъайаккхарал, нагахь иштта харцо башха гуш йацахь.)

Википедин чулацам АЦШ Виргини штатан законан кӀела боьду (масала, авторийн бакъонан), цигахь йу Википедин серверш а, масех редакцин политик а, куьйгалла а, церан декхар ду Википеди энциклопеди хиларан ойла чӀагӀйар.

Википеде диллина хӀора дакъа энциклопедин темица хила деза. Тема энциклопедин лору, нагахь иза «чулацаме» йалахь[21] Википеди жаргонехь, аьлча а, нагахь иза темин хӀуманах маьрша а йолуш шолгӀа авторитетан хьосташкахь ладаме серлайаьккхинехь (масала центран МХГӀ йа ладаме Ӏилманан журналашкахь).

Википедихоша йаззамашкара хийцамашна терго йо, толлу цӀечу басца къастийна агӀонан шина версешна йукъара башхаллаш

Википедехь хила беза нийса хилар хӀоттийна а, къобал бина а хаамаш[22]. Кхечу дешнашца аьлча, йаззам хила йиш йац хьенна а долара ойланаш, теореш, талламаш, йина хӀумнаш, шена хетарг нахала доху «майда», исбаьхьаллин йемалаллин хьенна йалахь а мах хадор. Йаззамашкара хаамашна, шеко йолуш белахь, оьшу авторитетан хьосташна хьажоргаш. Википедин йукъаралло маьӀна даьккхира цуьнан «таллайаларалла» аьлла, цуо гойту доьшучарна бакъ дерг а, доцург а шеш къасто йиш хилар[23]. Википедис цхьанне агӀо ца лоцу[24]. Википедин йаззаман гуран чохь, йерриг ойланаш а, хетарш а оцу темица серладаьккхина хила деза, нагахь церан арахьара хьосташкахь шайн чӀагӀдарш делахь[25].

Википедин истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Википеди дуьххьара йолайелла кхечу энциклопеди кхоллам тӀийра
Джимми Уэйлс — Википеди кхоллинарг ву хӀара
Ларри Сэнгер — Википеди кхоллинарг ву хӀара
Ингалс маттахь йолу вики чохь йаззамаш чутуху хан йола йелла 10 нажи бутт 2001 шарахь кху 9 тав бутт 2007 шарахь
Чубовларш wikipedia.org кху 2008 шарахь

Википедин чувала доза тохар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хан хене мел йолу цхьацца мехкаша Википеди дӀакъовлу йа дӀакъовла кхерамаш туьйсу. Царна йукъахь:

Ӏаткъам а, лелор а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Массачусетсан технологин институтан а, Питтсбурган университетан а талламан коллективо хӀоттийна нисса корреляци Википедехь хаамаш хиларна а, Ӏилманан йаззамашна а, монографешна а тӀехь болх беш Ӏилманчаша уьш лело таро хиларна а йукъахь[28].

Оьздангаллехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хаза факташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2021 шеран декабрехь Christie’s аукционехь Нью-Йоркехь 750 эзар долларех йоьхкира дуьххьарлера Википедехь йаздина NFT кепара йоза. Фраза «Hello, World!» дӀайаздира Уэйлс Джиммис 2021 шеран 15 январехь. И йоза йаздина Уэйлса iMac, йоьхкира 187,5 эзар долларех[29].

Гергара проекташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Викимедин фонд, компани-долахочо а, Википеди йиллинчо а, гӀо лоцу кхин Интермашехь маьрша зорбатоха йиш йолчу проекташна:

  • Викидошам — дуккха функцеш йолу дошам а, тезаурус а;
  • Викицитатник — цитатийн, ира дешнийн, кицанийн, пхьуьцанийн гулам;
  • Викитека — маьрша баржо оригиналан могӀамийн библиотека;
  • Викижайна — маьрша йаржо дешаран литература;
  • Викиверситет, шен меттиг латтайо интержигара дешаран а, йиллина Ӏилманан проекташ йахаран а керла кепо санна;
  • Викикерланаш — дуьненайукъара хаамийн агенталла а, йиллина керланийн интернет-арахецар;
  • Викиларма — Викимедин фондан проектийн агӀонаш чохь латто мультимедийн файлийн йукъара коьрта ларма, включаемых в страницы;
  • Викикепашбиологин тайпанийн таксономин справочник;
  • Викихаамаш — Викимедин фондо кхоьллина цхьанне редакци йен хаамийн база;
  • Викигид — туризман а, маьрша новкъавуьгургаш йаран а йиллина дуккха меттанийн проект;
  • Мета-вики — Викимедин фондан проектийн координацин а, документацин а лерина веб-сайт.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Комментареш
  1. Под свободностью контента подразумевается доступность содержимого проекта под свободными лицензиями; некоторые разделы также содержат несвободные материалы.
  2. цу тӀе дукхаха йолу агӀонаш сайт тӀехь регистраци а ца йеш нисло, амма цхьацца агӀонаш редакцех ларйина регистрации йина боцучу а, дукха хан йоцуш регистрации а йинчу декъашхойх, наггахь — массарех а райина, администратораш боцучарех. Кхин а редакци йаран таро йу барам хӀотто блокировкаш.
Хьосташ
  1. 1 2 3 List of Wikipedias
  2. Jimmy Wales. Britannica. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 4 декабрь. Архивйина 2021 шеран 4 декабрехь
  3. Nobody should trust Wikipedia, says man who invented Wikipedia. The Independent. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 4 декабрь. Архивйина 2021 шеран 16 июлехь
  4. Wikipedia. Britannica. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 4 декабрь. Архивйина 2022 шеран 21 январехь
  5. Miliard, Mike (2008-02-20). "Wikipediots: Who are these devoted, even obsessive contributors to Wikipedia?". Salt Lake City Weekly. Архивировано из оригинала 2018 ш. 05 майхь. Дата обращения: 2018 ш. 22 майхь.
  6. Five-year traffic statistics for wikipedia.org. Alexa Internet. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 15 июль. Архивйина 2011 шеран 21 августехь Архивйина 2022-01-24 — Wayback Machine
  7. Tancer, Bill (2007-05-01). "Look Who's Using Wikipedia". Time. Архивировано из оригинала 2012 ш. 03 августехь. Дата обращения: 2007 ш. 01 декабрехь. The sheer volume of content […] is partly responsible for the site's dominance as an online reference. When compared to the top 3,200 educational reference sites in the U.S., Wikipedia is #1, capturing 24.3% of all visits to the category Архивйина 2012-08-03 — Wayback Machine (the author’s blog post on the article Архивйина 2012-03-25 — Wayback Machine)
  8. Woodson, Alex (2007-07-08). "Wikipedia remains go-to site for online news". Reuters. Архивировано из оригинала 2007 ш. 21 ноябрехь. Дата обращения: 2007 ш. 16 декабрехь. Online encyclopedia Wikipedia has added about 20 million unique monthly visitors in the past year, making it the top online news and information destination, according to Nielsen//NetRatings
  9. The top 500 sites on the web. Alexa Internet. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 9 июнь. Архивйина 2014 шеран 9 январехь Архивйина 2014-01-09 — Wayback Machine
  10. [Русская Википедия перешла рубеж в 250 тысяч статей. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 2 июнь. Архивйина 2009 шеран 29 январехь Русская Википедия перешла рубеж в 250 тысяч статей] Архивйина 2009-01-29 — Wayback Machine
  11. Википедия отмечает 7-й день рождения (2008). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 22 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 9 апрелехь
  12. Джимми Уэльс: Wikipedia спасёт мир от невежества. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 22 май. Архивйина 2018 шеран 22 майхь
  13. 1 2 Рейтинг топ веб-сайтов. Similarweb (2021 шеран 14 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 14 ноябрь. Архивйина 2021 шеран 14 ноябрехь
  14. UNESCO's Niels Bohr Gold Medal awarded to prominent researchers in 2013 (инг.). UNESCO (2013 шеран 5 декабрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 22 май. Архивйина 2018 шеран 23 майхь
  15. Создателя Википедии наградили за вклад в развитие науки. Взгляд.ру (2013 шеран 6 декабрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 декабрь. Архивйина 2013 шеран 12 декабрехь
  16. Simon Waldman. Who knows? The Guardian (2004 шеран 26 октябрь). ТӀекхочу дата: 2007 шеран 11 февраль. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  17. Ahrens, Frank. Death by Wikipedia: The Kenneth Lay Chronicles. The Washington Post (2006 шеран 9 июль). ТӀекхочу дата: 2006 шеран 1 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  18. Fernanda B. Viégas, Martin Wattenberg, Kushal Dave. Studying Cooperation and Conflict between Authors with History Flow Visualizations (en) // Proceedings of the SIGCHI Conference on Human Factors in Computing Systems(ингалс.) : journal. — Vienna, Austria, 2004. — P. 575—582.
  19. Reid Priedhorsky, Jilin Chen, Shyong (Tony) K. Lam, Katherine Panciera, Loren Terveen, John Riedl. Creating, Destroying, and Restoring Value in Wikipedia (en) // Association for Computing Machinery GROUP '07 conference proceedings : journal. — Sanibel Island, Florida, USA., 2007. — 4 November. Архивйина 2007  шеран  21 октябрехь.
  20. Википедия:Отказ от ответственности. Русская Википедия. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 25 июнь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь . Оригинал: Wikipedia:General disclaimer. English Wikipedia. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 22 апрель. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  21. Википедия:Значимость. — «Предмет или тема предположительно являются значимыми, если они достаточно подробно освещаются в независимых авторитетных источниках». ТӀекхочу дата: 2009 шеран 25 июнь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь . Оригинал: Wikipedia:Notability. — «A topic is presumed to be notable if it has received significant coverage in reliable secondary sources that are independent of the subject». ТӀекхочу дата: 2008 шеран 13 февраль. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  22. Wikipedia:No original research. — «Wikipedia does not publish original thought». ТӀекхочу дата: 2008 шеран 13 февраль. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  23. Wikipedia:Verifiability. — «Material challenged or likely to be challenged, and all quotations, must be attributed to a reliable, published source». ТӀекхочу дата: 2008 шеран 13 февраль. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  24. Wikipedia:Neutral point of view. — «All Wikipedia articles and other encyclopedic content must be written from a neutral point of view, representing significant views fairly, proportionately and without bias.» ТӀекхочу дата: 2008 шеран 13 февраль. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  25. Eric Haas. Will Unethical Editing Destroy Wikipedia's Credibility? AlterNet.org (2007 шеран 26 октябрь). Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  26. «Turkish authorities block Wikipedia without giving reason» Архивйина 2019-05-24 — Wayback Machine, BBC, 29.04.2017
  27. «В Турции заблокирована „Википедия“». ТӀекхочу дата: 2017 шеран 29 апрель. Архивйина 2017 шеран 4 майхь
  28. «Википедию» признали эффективным инструментом для продвижения науки. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 17 июль. Архивйина 2021 шеран 2 майхь
  29. Первую запись в «Википедии» продали на NTF-торгах за $750 тыс. РБК. — новость. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 6 январь. Архивйина 2022 шеран 6 январехь

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]