Яьсси
Яьсси | |
---|---|
гӀум. Яхсайсув, оьрс. Аксай | |
Амал | |
Дохалла | 144 км |
Бассейн | 1390 км² |
Хи дайар | 5,17 м³/с (Ишхой-Йурт) |
ДӀаэхар | |
Хьост | |
• Эрк долу меттиг | Ишхеш, Ботлихан кӀошт |
• Локхалла | 2080 м |
• Координаташ | 42°50′59″ къ. ш. 46°19′23″ м. д.HGЯO |
Хикхоче | ГӀурий |
• Эрк чекхдолу меттиг | Хаси-Эвлан кӀоштан Харахински гӀотан уллехь |
• Локхалла | -13,9 м |
• Координаташ | 43°27′47″ къ. ш. 46°50′07″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 14,5 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | ГӀурий → ГӀой-хи → Каспий-хӀорд |
|
|
Пачхьалкх | |
Регионаш | Нохчийчоь, ДегӀаста |
Код ПХР чохь | 07030000212109300000116[1] |
Яьсси[2] (гӀум. Яхсайсув[3], коьртехь — Беной-Яьсси[4]) — хи охьадогӀу Нохчийчоьнан Нажи-Йуьртан кӀоштан а, Гуьмсан кӀоштан, ДегӀастанан Ботлихан а, Ӏовхойн а, Бабаюртан а, Хаси-Эвлан а кӀошташкахула. Хин охьане — 14,5 м/км[5].
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Схьадолу Ишхеш дукъан къилбаседа басера. Хьостан локхалла — 2080 м хӀордан тӀегӀан тӀиера[5]. Кхета Яьссин хи латтийлех, иза йу татолца ГӀурий эрках дӀатоьхна. Дохалла – 144 км, Хи гулден майда — 1390 км², юккъера локхалла — 444 м. Майдан доккхаха долу дакъа (87 %) 1000 м лахахь ду, 11 % майда 0 метрал лахахь йу.
Гидрологин талларалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Эркан раж теллина 1994 шо кхачале гидрологин посташкахь: йуьхьанца Ишхой-Йуртахь, тӀаьхьа СогунтӀехь. 2008 шарахь дуьйна йиллина шеран заманаш пост Яьссин хи латтийлин чуволучехь — ЧагӀаротар. Кхин а цхьацца шерашкахь гидрологин посташ лаьттира эвланашкахь Гезлой-Эвла, БоргӀан-Гечу, Таьшкичу, ЧагӀаротар.
Гидрологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Эркан амал хийцало лакхьа мел волу — лакхахь иза ломан амал ю, ткъа лахенашкахь амал хуьлу аренан. Коьрта хи Яьссин схьадолу лаьттах. Эрк деста шеран йовхачу хенахь, ткъа Ӏай хи охьадолу. Герзель-Эвлан лахара Ӏаламан хин раж галйаьккхина аренашна хи дилла шортта хи дайаро.
Шарахь дойу хин йуккъера барам — 5,17 м³/с, максимум хи — 690 м³/с. Эркан лахенашкахь амалехь душ орта хино деина тӀулгаш, гӀум, хин юккъера кегадалар хуьлу 6500 г/м³. Хино хьаькхна латта, гӀум цхьацца шерашкахь кхочу 1,3 млн тонне.
Геннаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Эркан коьрта геннаш ду: Хори-Элк (аьрру), БелгӀатой-Яьсси (аьрру), Ямансу (аьтту).
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 9. Закавказье и Дагестан. Вып. 3. Дагестан / под ред. П. П. Буртовой. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 76 с.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 293-294-295-313-314-320-321-323-325-326-327-328-330-332-337-339-374-536-541-687.
- ↑ Оразаев Г. М.-Р. «Прошение кумыкских ногайцев» 1860 г. как историко-этнографический источник // Письменные памятники Дагестана XVIII-XIX вв.. — Махачкала, 1989. — С. 72.
- ↑ «Аксай (Асагалыль, Беной-ясси)» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
- ↑ 1 2 Ресурсы поверхностных вод СССР том 9, Закавказье и Дагестан, вып. 3, Дагестан
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Ресурсы поверхностных вод СССР том 9, Закавказье и Дагестан, вып. 3, Дагестан
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
- Аксай (приток Акташа) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.