Чулацаман тӀегӀо

Маар

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ТӀапломан Айфель кӀоштара кхаа йоккхачех маарийн тоба

Маар — конус а йоцуш Ӏуьрг долу, дикка нийса бух болу эккхаран кратер, цунна гонаха хуьлу Ӏаьтторан семса сурсатех бина лоха вал.

Маараш наггахь хих буьзна хуьлу. Мааран диаметр хийцало 200 м тӀиера 3200 м кхаччалц, кӀоргалла — 150 тӀиера 400 м кхаччалц. Маараш кхоллало цкъа эккхар бахьнехь, эккхаран бахьна ду лаьттан бухара хиш йохйинчу породех кхетар, тӀаккха фреатически Ӏаьттор хуьлу. Церан амалехь ю юкъан пенаш кӀезиг кхиар, цунна чуьра арадолуш лаван Ӏовраш ца хилар, боца Ӏаьттор а, эккхаран боккха ницкъ.

ТӀапломан Айфель кӀоштахь(ингалс.)Айфель дукъан декъехь — лаьтта 25 маар, дукхаха дерш царех дикка даккхий ду, хих дуьзна Ӏаьмнаш ду. Маараш кӀезиг бац къилбаседа Квинслендера Атертон акъарин тӀаьхь, царна йукъахь даккхий Ӏаьмнаш а ду: Баррин (103,5 га), Ичем Ӏам (50,3 га). Камчаткин Узон тӀапломан кальдерера 1,65 км диаметр йолу цхьа маар, буьзна бу Дальни Ӏоман хишца[1].

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Лесненко В.К. Мир озер. — М.: Просвещение, 1989. — С. 18. — 158 с. — (Мир знаний). — ISBN 5090014779.