Вилспет
Велспет (шира фр. vélocipède, лат. vēlōx «чехка» а, pes «ког») — коган педалаш йа (наггахь) куьйган зерзакъашца адаман оьзгийн ницкъца лелош йолу чкъургаш йолу транспортан гӀирс (йа спортан снаряд). Уггаре чӀогӀа йаьржина ши чкъург йолу вилспет йу, амма кхин а йу кхоъ а, сов а чкъургаш йолу конструкцеш. Шуьйра лело йаьккхина дӀасалеларан гӀирс санна гӀалин йукъараллин транспорт йукъайалале. Иштта гӀарайаьлла туристашна йукъахь а, спортан Ӏалашонна а. Тахана дуьненахь лелайо электропривод вилспет лелоран область шорйархьама.
Российн Некъа леларан бакъонаша билгала йоккху вилспет «транспортан гӀирс санна, заьӀап нехан ворда йоцург, цуьнан лаххара а ши чкъург йу, цунна тӀаьхь болчеран оьзгийн энергица хьовзош, педалийн йа куьйга тӀеман гӀоьнца, хила тарло электромотор максимум ницкъаца йехачу хенан рожехь, иза сов хила йиш йац 0,25 кВт, автоматаца дӀабовш масаллехь 25 км/сахьт.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]1817 шарахь немцойн профессоро барона фон Дрез Карла Карлсруэра йира, ткъа 1818 шарахь патент йаьккхина хьалхара ши чкъург йолу самокатна, цунна цӀетиллина „идаран машен“ (Laufmaschine) аьлла. Дрезан самокат шина чкъурга тӀехь йара, урх йара, педалаш йоцу вилспетах тера йара; гур дечиган бара.
1870-гӀа шерашкахь дуьйна гӀарайелира схема „пенни-фартинг“. ЦӀеро сурт хӀоттадо чкъургийн барам цхьаьна ца барна, хӀунда аьлча нахарт пенни дуккха а доккха дара фартингал.
Хьалхара вилспет, вайн хенахь лелочух тераниг, олура Rover — „Кхерстанча“. Иза йира 1884 шарахь ингалсан говзанчо Старли Джон Кемпа, арахийцира 1885 шарахь дуьйна. „Пенни-фартинг“ вилспетах къаьсташ, Роверан зӀе йара тӀехьара чкъурга тӀейоьдуш, шен барамца цхьатерра чкъургаш йара, вилспетхо хуура шин чкъурган йуккъе[1].
XIX бӀешеран чаккхенгахь лору вилспет тӀе аьрру агӀора хаар нийса[2], атту ког тӀехула а кхуссуш. Иза кхетадо, зӀе а, коьрта бернаш а хала до аьтту агӀор тӀехаар, дукха болу нах аьттончаш бу. ЗӀе аьтту агӀора йар деина говр хахкарера, цигахь а тӀехуу аьрру агӀора, дукхаха болу нах аьттончаш болу дера, шаьлта, аьрру агора хьен тӀехь лелош долу, хала дора аьтту агӀора тӀехаар.